Дийцаре дира ЕГЭ дIаяларан гIуллакхаш

Нохчийн Республикехь официальни визитца хилира Дешаран а, Iилманан а декъехь тергояран федеральни службин делегаци шен коьртехь Рособрнадзоран куьйгалхо Кравцов Сергей а волуш.tH7TCR56gYo

Хьешаша дакъалецира регионан дешаран учрежденийн куьйгалхошца хиллачу кхеташонехь. Иза лерина яра «Ас дIалур ю ЕГЭ» проект кхочушъярна.

Мероприятехь вистхуьлуш, С.Кравцовс билгалдаьккхира, Нохчийн Республика дешаран учрежденеш меттахIитторна тIера керлачу тIегIанна  дешар кхиорна – тIейирзина хилар.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо-накъосталла дар бахьанехь, дешаран дикалла лакхаяккхаран Iалашо кхочушъян ницкъ кхочуш ю хьехархойн юкъаралла. Иза иштта хилийтарехь тIаьххьара меттиг дIалоцуш яц Пачхьалкхан жамIан аттестаци а», – элира С.Кравцовс.

Цо дийцарехь, экзаменаша гIо до бераш Iаморехь хьехархойн балха тIехь хуьлуш йолу проблемаш билгалъяха.

«Коьртаниг – экзаменаш хила ма-еззара дIаяхьар ду. Цул тIаьхьа анализ ян а еза, билгалйина проблемаш дIаяха школина гIо дан дуьйладала а деза», – билгалдаьккхира Рособрнадзоран куьйгалхочо.

Цунна хетарехь, «Ас дIалур ю ЕГЭ» проектах методикин агIора дика гIо хир ду доьшучарна а, хьехархошна а.

«ДIадаханчу шарахь хиллачу тхан цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьахийнера и проект. Замано гайтина и оьшуш хилар. ХIинца кхечу регионашка а дIаса а яржийна иза», – билгалдаьккхира С.Кравцовс.

«Ас дIалур ю ЕГЭ» проектан оьрсийн мотт, математика, обществознани хьехаран белхан тептарш а, методика а кечйина ЕГЭ-н тIедахкаран автор йолчу Хьехаран мах хадоран федеральни институтан коллективо.

Россин дешаран а, Iилманан а декъехь тергояран федеральни службин делегаци иштта цхьаьнакхийтира ЕГЭ дIаяхьаран пунктийн куьйгалхошца а, Пачхьалкхан экзаменационни комиссин декъашхошца а.

МУРТАЗОВ Iадлан

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: