Республикин къинхьегаман рынок

2016-чу шеран март беттан чаккхенехь бахархошна белхан меттигаш нисъяран пачхьалкхан учрежденийн чотехь лаьтташ вара 74 716 стаг. Царах 74 575 стаг белхазхочун статус йолуш а вара. Даханчу шеран оццу муьрца дуьстича, республикехь дIаязбинчу белхазхойн терахь лахделла 23 494 стагана, проценташца дуьстича – 24 процентана.

2016-чу шеран 1-чу чийрикехь бахархойн экономикин эвсараллин терахь дустарца нийса а догIуш, 15–72 шераш долчу бахархошна юкъахь болх бан ницкъ болуш карийна 620 эзар стаг. Иза проценташка даьккхича, и хан йолчу республикин бахархойн 69,7 процент хуьлу цунах.

Экономикин эвсараллин юкъарчу терахьах 517,0 эзар стаг (83,4 процент) болх беш карийна. Бухависина волу 103,0 эзар стаг (16,6 процент) болх боцуш, амма иза лахарехь жигара къахьоьгуш ву. Дуьненаюкъарчу къинхьегаман организацин методологица а догIуш, уьш белхазхой ларалуш бу.

Бахархошна белхан меттигаш нисъяран пачхьалкхан учрежденешкахь 2016-чу шеран март беттан чаккхенехь белхазхойн статусехь официально дIаязвина вара 74,6 эзар стаг. Бахархойн экономикин эвсараллин терахьан 12,1 процент хуьлу иза.

Бахархоша болх баран талламца а догIуш (талламаш цхьа а къестамаш боцуш бина бу), 2016-чу шеран март беттан 2-чу кIирнах иштта сурт ду: 15–72 шераш долчу республикин бахархойх  болх бечеран терахь 58,1 процент ду. Иштта хаам бина Чеченстато.

И.ИСЛАМОВ

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: