Муха Iалашдо къаьмнийн меттанаш?..

Россин Федерацехь дехаш дуккха а къаьмнаш  ду. Церан меттанийн а, ламастийн а, культурин а башхалла ю дуьненахь уггаре а йоккхачу пачхьалкхан коьрта хазна. Россин бахархоша бIеннаш меттанаш а, эзарнаш диалекташ а юьйцу. Шен мотт бийцар а, кхиор а Россин а , республикийн а Конституцешкахь чIагIйина бахархойн бакъо ю.

Амма оцу меттанийн хьал цхьатерра дац: цхьадолу меттанаш денна а кхуьуш догIуш ду, кхидерш – масех шо даьлча, историн агIонашкахь дуьйцур долуш. Кхуьуш догIуш долу меттанаш – Россина юкъайогIучу республикийн пачхьалкхан меттанаш ду.

Делахь а, дуьненахь йоьдуш глобализаци а йолуш, Россин пачхьалкхан матто тIеIаткъам ца беш ца дуьсу республикийн пачхьалкхан меттанаш а. Оцу декъехь уггаре а чолхе хьал ду Генарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Кавказехь а.

Цуьнца доьзна а долуш, цхьайолчу субъекташкахь шайн бахархошна юкъахь русификаци а, ассимиляци а яржарна «дуьхьал» лерина гIуллакхаш дIадолийна. Амма иза а дац цхьатерра дIахьош: цхьаццанхьа цунах меттигерчу Iедалан Iалашо хиллехь а, дуккха а меттигаш (субъекташ) ю дина аьлла, кехаташна тIехь цIе хилчахьана, цунах тоам бина ехаш.

Лахахь йовзуьйту тIаьхьарчу хенахь шайн къаьмнийн меттанаш Iалашдаран дуьхьа цхьайолчу субъекташа яьхна гIулчаш.

 

Мотт хаар зер (ГIезалойчоь, Башкортостан)

Апрель баттахь гIезалоша дIабаьхьна «И туган тел, и матур тел!» цIе йолу гIезалойн меттан Дуьненаюкъара талламан болх. Цигахь дакъалаьцна 10 000 сов стага. ГIезалойн маттаца доьзна шен хаар талла луучунна луш цхьа сахьт дара: оцу хена чохь иза декхарийлахь вара гIезалойн меттан грамматикин 35 хаттарна нийса жоп дала.

Башкортостанехь 6 000 стага дакъалаьцна башкирийн меттан диктантехь. Диктантехь дакъалоцуш дешархой, студенташ  хилла а ца Iаш, оцу халкъан къаной а цхьаьна бара. Царна юкъахь – хьехархой а, актераш а, юкъараллин гIуллакххой а, иштта кхиберш а.

Кхузахь билгалдаккха догIу, башкирийн маттехула диктант шолгIа дIаяьхьна хилар.

 

Мотт баржор (Марийн Эл)

Марийн халкъан X-чу гуламан жамIашца нийса а догIуш, Марийн Эл Республикин Куьйгалхочо керлачу Указана куьг яздина. Оцу Указехь билгалдаьккхина ма-хиллара, хIинцачул тIаьхьа марийн махкахь оьрсийн а, марийн а меттанаш цхьатерра бакъонаш йолуш лелар ду.

 

Ненцийн мотт (Ненцийн автономни округ)

Ненцийн къоман телерадиокомпанис дIайолийна «Ненэця вадавна лаханада!» цIе йолу керла проект. Оцу проектан гIоьнца Iамо йиш хир ю ненцийн меттан шира дешнаш а, церан меттан цхьайолу бакъенаш а.

Цул сов, ненцийн матте ладогIа а йиш хир ю хIинца дуьйна. Цунна лерина хаамийн коьрта керланаш а, ненцийн а, цунна луларчу кхидолчу кегийчу халкъийн туьйранаш а аудио-кепе даьхна меттан говзанчаша. Уьш социальни сеташкахула даржийна ца Iаш, «Нарьян-Мар FM» радион эфирехь а хир ду.

 

ХIирийн меттан студи (Къилбаседа ХIирийчоь)

ХIирийн (дидорийн диалект) мотт ларбаран Iалашонца схьайиллина «АЕ» цIе йолу оцу меттан студи. Цуьнан гIоьнца хIирийн тIекхуьучу чкъуран аьтто хир бу хIирийн меттан говзанчашца а, хIирийн культура, ламасташ  девзачаьрца а зIенаш таса.

Цкъачунна хIирийн меттан студи Буру-ГIалахь бен болх беш яц. Амма цуьнан белхахой тешаш бу, цхьажимма хан яьлча, шайн мотт Iамо луучеран терахь лакхадериг хиларх а, шайн студех кхийолчу шахьаршкахь пайда эца луург хиларх а.

Кхуззахь билгалдаккха догIу, 2015-чу шеран сентябрехь дуьйна Буру-ГIалахь «Фаендиаг» цIе йолу школа болх беш хилар. Цуьнан цхьа  Iалашо ю: хIирийн халкъан кхиазхошна оьрсийн маттал а хьалха хIирийн (дидорийн диалект) мотт Iамор.

 

Эрзянийн маттахь кино (Мордови)

Эрзянийн маттахь кино яккха йолийна Мордовехь. Цуьнан гIоьнца йовзуьйтур ю XIII-чу бIешарахь монголаш тIелатарца йоьзна йолу Мордовин халкъийн истори. МостагIаша ягайо кинон коьртачу турпалхочун Азоран (нохчийн маттахь «мехкан да» бохучу маьIне йоьрзу и цIе) юрт. Цул тIаьхьа волало иза эрзянийн латтанашкахула, шена тIаьхьа а хIиттина, монголаш тIамца юхатоха лаам берш лоьхуш.

Оцу киноца хьовсархошна Даймохк а, доьзал а безар, турпалхо хила атта цахилар, истори йовза езаш хилар гайтина ца Iаш, эрзянийн меттан бакъенаш а, цуьнан хазалла а гойтур ю.

 

Карарчу хенан мотт (Удмурти)

2016-чу шарахь дуьйна Удмуртин хIора а вахархочун таро ю удмуртийн маттахь керла дешнаш кхолларехь дакъалаца. Царна иштта таро елла оцу республикин къоман политикин министерствос.

Апрелехь дуьйна болх бан йолаелла удмуртийн меттан терминийн а, орфографин а комисси. Цуьнан декъашхоша къахьоьгур ду пачхьалкхан органийн а, меттигерчу Iедалийн а, хIолламийн а, географин а, туризман а объектийн цIерш удмуртийн матте яхарехь.

Цул сов, апрель баттахь кхин цхьа кхаъ а баьккхина удмуртийн халкъана. «Яндекс» компанис «машенан гоч»   кхоьллина удмуртийн маттана лерина. ХIинцачул тIаьхьа удмуртийн меттан муьлхха а дош кхечу 76 матте гочдан таро хир ю,  иштта оцу меттанашкара дешнаш удмуртийн матте гочдан а.

ХАСАХАНОВ Ислам

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: