Р.Кадыров цхьаьнакхийтира EMAAR компанин президентаца

1683913_original

Белхан визитаца, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка вахана волуш  Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира EMAAR компанин президентаца Мухьаммад Аль-Аббарица.

Цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин инвестицийн проекташ кхочушъярехь ОАЭ-н фирмаша дакъалацаран хьокъехь Абу-Дабин принцаца Мухьаммад Бин Заид Аль-Нахайанца хиллачу бартаца.

Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь Р.Кадыровс хаам бина ма-хиллара,  цара дийцаре дира – гIишлошъярна, туризмана, юьртан бахамна ахчанаш юкъадахкаран гIуллакхаш.

Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, Аль-Аббарис къаьсттина тидам тIебахийтира Соьлжа-ГIалахь Соьлжа хин аьтту агIорчу йистехь ян билгалйинчу дуккха а Iалашонийн «Ахмат» гIишлон проектана.

«Аль-Аббарис билгалдаьккхира оцу бIаьвнан комплексан технически документаш кечдарехь а, проекташ хIитторехь а, урхалла дарехь а EMAAR компанис гIо дан тарлуш хилар», – яздина цо.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира «туристийн Къоьзана-Iам а, Соьлжа-Г1алин хIорд а комплексийн проектийн хьокъехь болчу хааме Мухьаммад Аль-Аббарис боккха тидам тIебахийтина ладоьгIна хилар». Цо Аль-Аббарига дийхира и проекташ кхочушъярехь дакъалаца йолчу тароне хьажар.

Р.Кадыровс хьошалгIа Нохчийн Республике  кхайкхира EMAAR компанин президент, нохчийн агIонан предложенешка кхузахь хьовсархьама а, цхьаьна гIуллакхаш даран кепаш юьззина йийцаре ярхьама а.

Билгалдаккха деза EMAAR дуьненахь уггаре а лекха а, махлелоран-самукъадаккхаран а гIишлошъяран зеделларг долуш хилар, оцу г1ишлошна  юккъехь ю дерриге а дуьненахь евзаш йолу «Бурдж Халифа» лекха гIишло а, махлелоран-самукъадаккхаран «Дубай-Молл» комплекс а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,

Правительствон а пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: