Бахамаш дIалараран хаамашна бух кечбарехула а, иштта, лаьттан а, бахаман а налогашкахула а болу болх, латтанийн кадастран мах хадор а, капитальни гIишлошъяран объектийн мах а лоруш, жигара дIахьош бу республикин кIошташкахь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзанан тIедилларца Нохчийн Республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана гIаланийн а, кIоштийн а финансийн урхаллийн куьйгалхошца кхеташо дIаяьхьира. Куьйгалхоша шаьш бинчу балхах лаьцна йинчу докладашка ла а доьгIна, царна кIоштийн куьйгалхошца цхьаьна къа а хьоьгуш, латтанийн кадастран керла мах хIоттор а лоруш, бахамаш дIалараран хаамаш цIинбарехь болх дIабахьар тIедиллира министра.
КхидIа, налогийн боцчу пайданийн (неналоговые доходы) администрировани яран гIуллакхех лаьцна дийцира Нохчийн Республикин финансийн министран заместитела Ибрагимов Данияла. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун 2015-чу шеран 3-чу ноябрера № 01–50 йолу тIедиллар кхочушдаран декъехь налогийн боцчу пайданашна администрировани яран къепе йовзийтира цо. Иштта, министран заместитела билгалдаьккхира 2016-чу шеран 13-чу апрелехь финансийн министерствехь дIаяьхьначу кхеташонехь тIеэцначу протоколан налогийн боцчу пайданийн администрировани яран хьокъехь болу хаамаш шен хеннахь бовзийтаран дакъа, дуьйцийла йоцуш, кхочушдан дезаш хилар. И хаамаш, хIора беттан 10-гIа де тIекхачале, финансийн министерствон хьакъ йоллучу отделана бовзийта безаш бу гIаланийн а, кIоштийн а финансийн урхаллийн куьйгалхоша.
А.СУЛИМАНОВА
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо