Къилбаседа Кавказан Iилманан форум

ХIокху деношкахь Республикин  берийн  клиникин  больницехь  дIаяьхьира  «Роль Национальной  медицинской палаты в аккредитации врачей. Подготовка к аккредитации педиатров» темина Къилбаседа Кавказан медицинин Iилманан форум.форум медицины

Нохчийн Республикин  могашалла Iалашъяран министерствон а, Нохчийн пачхьалкхан университетан  Медицинин институтан а гIоьнца и форум вовшахтоьхнарг  Нохчийн Республикин Лоьрийн палата яра.

Форумехь дакъалоцуш  вара Нохчийн Республикин  могашалла Iалашъяран министр Э.Сулейманов,  Нохчийн пачхьалкхан университетан  Медицинин институтан директор И.Байсултанов, Нохчийн Республикин  ФОМС-н  директор Д.Абдулазизов, Нохчийн Республикин медицинин палатин председатель К.Межидов, ткъа иштта медицинин учрежденийн куьйгалхой, бевзаш болу лоьраш, Iилманчаш.

Дуккха а хьеший бара: Россин Федерацин  берийн  коьрта  хирург, профессор И.Киркизов; медицинин Iилманийн доктор, СГМУ-н  берийн  хирургин кафедрин профессор  Л.Дерюгина; говзалла лакхаяккхаран «АстраМедФарм»  туьшан директор, медицинин Iилманийн кандидат  Э.Шогенов; СКФО-хула берийн коьрта хирург, медицинин Iилманийн доктор, профессор  Б.Махачев; неонатологийн Ассоциацин кхеташонан декъашхо,   медицинин Iилманийн кандидат, А.Мостовой, кхиберш.

Форум схьайоьллуш  вистхилира Нохчийн Республикин  могашалла Iалашъяран министр Э.Сулейманов.

Гулбелларш декъалбеш вистхилира (скайпчухула) Къоман медицинин палатин президент, медицинин Iилманийн доктор, профессор Л.Рошаль. Чулацаме къамел дира Нохчийн пачхьалкхан университетан  Медицинин институтан директора И.Байсултановс.

Дакъалацархойн таро хилира чулацамечу докладашка ладогIа: «Инновационные методы эндоскопических операций в детской хирургии» (И.Киркизов), «Пренатальная диагностика урологической патологии» (Л.Дерюгина), «Роль Координационного совета медицинских палат СКФО по подготовке к аккредитации врачей-педиатров» (Э.Шогенов), «Подготовка к аккредитации  детских хирургов по СКФО» (Б.Махачев), «Последипломное образование врачей-неонатологов» (А.Мостовой), «Деятельность ЧРОО «Врачебная палата ЧР» (Р.Бартиев), кхиерш.

Форуман дакъалацархойн барт хилира лоьрашна аккредитаци яран кеп тIеэцарехь.

Форум чекхъяьллачул тIаьхьа, цуьнан дакъалацархошна лерина концертан программа  гайтира.

Концертехь дакъалецира М.Эсамбаевн цIарах йолчу пачхьалкхан эшарийн а, хелхарийн а «Даймохк» ансамбло, Нохчийн Республикин халкъан артисташа  М.Ташаевас,  I.Альтамировс, Нохчийн Республикин хьакъволчу  артиста В.Гадаевс, I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин артисташа Х.Газиевас, М.Ковраевас, Соьлжа-ГIалин Мэрин культурин департаментан «Столица» ансамблан солиста А.Умаевс.

Концерт дIаяьхьира Нохчийн Республикин культурин хьакъволчу белхахочо Р.Ибрагимовс а, Соьлжа-ГIалин Мэрин культурин департаментан  белхахочо Л.Абубакаровас а. Нохчийн къоман хелхаран  исбаьхьчу хазаллех цецбевлла бара хьеший. Ишттачу форумашкахь зеделлачух дийцина ца Iаш, чIагIло  лоьрашна юкъара доттагIаллин уьйраш.

АБДУЛКАДЫРОВ Ризван

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: