Берийн хьакъ тIехь дисина
Терго латторан декхаршца доьзна кхиазхойн а, кегийрхойн а бакъонаш ларъяран хьокъехь долу закон кхочушдар муха дIахьо толлучу хенахь, Шелан кIоштан прокуратурина гучуделира Газалапов Асланна тIехь алиментийн доккха декхар хилар. Шена тIебогIуш болчу пайданах ах кхиаза долчу кхаа берана алименташна дIабалар тIедожош суьдо бина сацам цо кхочушбеш цахилар. И бахьанехь Газалаповс шен берашна дIадалаза дисина 153 эзар соьман барамехь ахча.
Иза хьесапе а эцна, районан прокуроран заместитела Айдамиров Эльбека талламан материалаш районан талламан органашка дIаяхьийтина. Уьш талларан буха тIехь Газалаповна дуьхьал уголовни гIуллакх долийна.
Къола дарна – таIзар
Соьлжа-ГIалахь волчу хенахь Грозненски кIоштан вахархочо Сапарбиев Билала шен машенахь махлелоран туьше кхаччалц дIайигира евзаш йоцу цхьа зуда. Бицбелла машена чохь бисира цуьнан тIоьрмиг. Амма Сапарбиев сих ца велира иза шен дена юхаберзо, мелххо а цу чохь хилла мобильни ши телефон, дашо зIе, ахча шен дола дерзийра, эшам хиллачунна 22 340 соьмана зен а деш.
Иза дерриге а гучуделира, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан прокуроран заместитела Межидов Шемала дакъа а лоцуш, оцу кIоштан суьдехь Сапарбиевна дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх къасточу хенахь. Иштта билгалделира юьхьанцара таллам дIахьочу хенахь цо тIоьрмиг шен дега дIакхачийна хилар а. Ткъа суьдехь берриге а бехк шена тIе а лаьцна, шена къинтIерадовлар дийхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачунна тIе а доьгIна, суьдо бехке лерира Сапарбиев цо динчу зуламна, 200 сахьтехь белхаш бар тIедожош таIзар а дира цунна.
Декхар хьакъ ма-дду кхочушдеш цахиларна…
Прокуратурин органаша бинчу талламаша гайтира Шелковски кIоштарчу Сары-Су юьртан администрацехь жима а, юккъера а бизнес кхиоран хьокъехь долу федеральни закон талхош хилар. Цигахь гойтуш бацара бизнес кхиоран а, муниципальни закупкаш яран а хьокъехь сайта тIехь бан безаш болу хаамаш. Цо талхайора товараш латторехь а, белхаш кхочушбарехь а, муниципальни хьашташ кхочушдарехь а дакъалаца йолу бахамлелоран субъектийн бакъонаш.
Цуьнца доьзна регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима Нохчийн Республикин Арбитражни суьде заявлени дахьийтира ша урхалла даран меттигерчу органо – юьртан администрацис федеральни законодательство талхош хиларан хьокъехь. Прокуратуро беш болчу лехамца резахилла суд. Юьртан администрацина цо тIедожийна билгалдаьхна талхораш йоццачу хенахь дIадахар.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо