Мохк кхиорехь – мехала гIуллакхаш

Стомара, 24-чу майхь, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран а, махлелоран а министерствоца цхьаьний йолу кхеташо хилира. Иза лерина яра бахархойн шаьш бехачу цIеношна гуонахара меттигаш куьце ялоран а, цIена латторан а, Iер-дахаран хьелаш тодаран а декъехула долу дIадолораш дийцаре дарна.IMG_1297

И мехала цхьаьнакхетар вовшахтохаран коьрта Iалашо яра, юкъараллин уггаре а коьрта проблемаш билгалъяхар а, уьш цахилийтарна тIехь болх барна программаш кхоллар а. Массо а тайпа мохк кхиоран декъехь юкъараллин гIуллакхаш дийцаре дира цигахь.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Къурайшин цIийнах волчу Сайдаев Сайд-Хьусайна, Россин Федерацин Юкъараллин палатин декъашхочо Хаджимурадов Мохьмада, Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н УГИБДД-н отделан куьйгалхочун заместитела, полицин полковника Танталашев Адама, иштта тайп-тайпанчу юкъараллин, коммерцин йоцчу а организацийн векалша.

И гIуллакх дIадолош вистхиллачу С-Х.Сайдаевс дагадаийтира, итт-пхийтта шо хьалха республика муьлхачу хьолехь яра а, таханлерчу маршоне кхачо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас мел къахьегна а, цо болийна некъ дIакхоьхьуш волчу республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу декъехь мел мехала гIуллакхаш дина а.

– Таханлерчу дийнахь вайн массеран а коьрта декхар ду, оццул хаза тойина дIахIоттийна йолу республика ларъян а, вайн тIекхуьучу чкъурана дика масал гайтар а. ХIорамма а лардан дезаш ду республикин куьйгалло хIоттийна долу низам, тIаккха кхуьур ю республика. Вай баккъал а цIена бусалба дог долуш хилар гайта деза дуьненна, кхечу къаьмнашка вайгара масал а оьцуьйтуш, – дийцира цо.

Вайн республикин Юкъараллин палато и тайпа гIуллакхаш дIадахьар мехала хилар билгалдаьккхира Т.Алиевс. «Юкъараллин палато дIахьочу мероприятеша гIо до республикин бахархоша мохк кхиорехь жигара дакъалацарехь. Вай хьалха шерашкахь санна, юха а юкъадало деза кегийрхоша культурин меттигашкахь белхи бар, кегий болуш дуьйна шаьш Iаш болу меттиг цIена латто езар царна хаийтархьама», – элира цо.

Цул тIаьхьа, хIора ведомствон векалша шаьш беш болу а, бан лерина болу а белхаш бовзийтира, иштта таханлерчу дийнахь, республикин бахархошна довза луучу хаттаршна жоьпаш а делира.

Цхьаьнакхетар дерзош, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь дийцаре мел дина хаттарш, тIедахкарш, кхачамбацарш герггарчу хенахь кхочушдина хилийтархьама, оьшшучу пачхьалкхан органашка дIакхачор хилар хаийтира и гIуллакх вовшахтоьхначара.

Хь.БАХТАЕВА

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: