Хууш ма-хиллара, 23-чу майхь республикин ерриге а школашкарчу выпускникашна тIаьххьара горгали бийкира. Даздаран хьолехь дIадаьхьира и де хIора школехь.
Иштта, Курчалойн кIоштан Хоси-Юьртарчу юккъерчу школин выпускникашна а бийкира тIаьххьара горгали. Оцу башхачу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кадыров Рамзан.
Цо выпускникаш декъалбира школехь дешна бовларца а, баккхийчеран новкъа бовларца а. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира хIокху школехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, кхин дуккха а Россин Турпалхоша а, тIеман орденийн ковалераша а дешна хилар а, Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу шерашкахь керла йина а, меттахIоттийна а 400 школа хилар а.
«2016-чу шарахь Нохчийн Республикин 455 дешаран учрежденехь бекна «тIаххьара горгали». Верриге 12 382 выпускник ву, царах 10 299 дешархо 11-чу классийн выпускникаш, 2 083 дешархо суьйренан школийн 12-чу классийн выпускникаш а бу», – хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.
З.САГАЕВА
Архивера сурт
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо