Соьлжа-ГIалахь – дуьненаюкъара цхьаьнакхетар

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира Кхерамазаллин гIуллакхашна терго латторан лакхарчу векалийн VII-гIа дуьненаюкъара цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш бара 70 сов пачхьалкхан векалш: кхерамазаллин кхеташонийн секретараш, министраш, президентийн а, премьер-министрийн а къоман кхерамазаллин гIуллакхашкахула болу гIоьнчаш, лерринчу службийн куьйгалхой, иштта кхиберш.форум грозный

«Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало латторан гIуллакхаш; миграцин процессашца доьзна а долуш, региональни а, дуьненаюкъара а кхерамазалла Iалашъяран проблемаш; дуьненаюкъара хаамийн кхерамазаллин система кхоллар; иштта дIа кхин а», – билгалдаьккхина Россин Федерацин Кхерамазаллин кхеташоно баржийначу хаамехь.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархошка леррина кехат даийтинера Россин Федерацин Президента Путин Владимира. Иза дийшира Россин Федерацин Кхерамазаллин кхеташонан секретара Патрушев Николайс.

«Цхьаьнакхетарехь дийцаре дийр ду хIора а пачхьалкхах хьакхалуш долу гIуллакхаш. Иза уггаре а хьалха экстремизм а, терроризм а ю, цул тIаьхьа законца нийса йогIуш йоцу миграци а, хаамийн кхерамазалла а. Дуьненаюкъара кхерамазалла Iалашъярехь ерриге а пачхьалкхашца цхьаьна болх бан лууш ю Росси. Цундела со тешна ву, цхьаьнакхетар а, цуьнан жамIаш а кхузахь дакъалоцучу пачхьалкхашна а пайдехь хирг хиларх», – яздора Пачхьалкхан Куьйгалхочо шен кехата тIехь.

24–25-чуй майхь цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дийцаре дира дуьненаюкъара терроризмана а, экстремизмана а бертахь дуьхьало латторан а, хаамийн гIирсаш баьржинчу муьрехь тайп-тайпанчу пачхьалкхийн хаамийн кхерамазалла Iалашъяр, кхин а лакхарчу тIегIане даккхаран а гIуллакхаш.

Тайп-тайпанчу пачхьалкхан векалша билгалдаккхарехь, тахана Нохчийчохь долчу хьоло тешам ло, дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам баккха йиш хиларна.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен мохк терроризмах а, экстремизмах а цIанбина дукха хан яц. Амма цул тIаьхьа даьллачу масех шарахь шен халкъ шех теша а дина, цо юхаметтахIоттийна хIара мохк. Тхан пачхьалкхан куьйгалло терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам баккхаран Iалашо хIоттийна тхуна хьалха. Оцу декъехь оха Нохчийчоьнах масал оьцур ду», – элира Палестинин векала Хабес Шаруфа.

Цул сов, цхьаьнакхетаран дакъалацархойн тидам боцуш ца дисира Хонкара махкахь а, Желтойчохь а, Италехь а яьржина, законца нийса йогIуш йоцу миграци. Царна хетарехь, иза тахана региональни проблема йолчуьра дуьненан юкъараллин коьртачу проблемех цхьаъ хилла дIахIоьттина.

«Законца йоцчу миграцина а, экстремизмана а дуьхьало латто хала ду. Амма иза далур долуш хIума ду, нагахь санна вайн цхьа барт хилахь. Эктремизмана а, терроризмана а тIехь толам баьккхина мохк карийна вайна – иза Нохчийчоь ю. ХIинца вай декхарийлахь ду, законца йоцчу миграцина тIехь толам баьккхина мохк лаха а, цул тIаьхьа цу шиннах масал эца а», – элира Венесуэлин Оборонин кхеташонан генеральни секретара.

Кхузахь билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана Кхерамазаллин гIуллакхашна терго латторан лакхарчу векалийн VII-чу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетаран дуккха а дакъалацархошца цхьаьнакхетарш дIадаьхьна хилар. Царна юкъахь вара Россин Федерацин Кхерамазаллин кхеташонан секретарь Патрушев Николай, Чинин Коммунистийн партин политикин а, юрисдикцин а комиссин секретарь Цзяньчжу Мэн, Никарагуан чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель Антонио Рохер, Кувейтан Кхерамазаллин бюрон президент Iела Аль Сабах ТIамир, иштта кхиберш а.

И.ХАСАХАНОВ

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: