Дешархой – цIеяйархой болчохь
Хууш ма-хиллара, республикин тайп-тайпанчу школашкахь а, берийн бошмашкахь а МЧС-н белхахоша дIахьош ду бераш цIарах лардарна лерина цхьаьнакхетарш. Иштта, хIокху деношкахь Гуьмсан кIоштан цIарах кIелхьарабахаран №10 йолчу декъехь хилира районерчу школашкара бераш. Дешархойн аьтто хилира МЧС-н белхахойн технике бIаьргтоха а, цIеяларх ларбаларан бакъенаш йовза а, «огнетушитель» муха лело еза Iама а. 
Берашна пайдехь хилира цхьаьнакхетар
Дукха хан йоццуш Грозненски кIоштарчу Аьхкин-Борзерчу юккъерчу школин дешархошца цхьаьнакхийтира оццу районан цIеяларх кIелхьарабахаран №31 йолчу декъан белхахой. Аьхкин-Борзе юьртана гена доцуш дIадоьдуш Терк хи хилар бахьана долуш, МЧС-н белхахоша коьрта тидам тIебахийтира хинан объекташкахь ларъян езачу бакъенашна. Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира, уллехь воккханиг воцуш бераш шаьш хи тIе лийча даха мегаш цахилар.
Экстренни службийн номерш йийкъира…
ХIокху деношкахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Iалхан-Юьртарчу а, ГIойтIарчу а школашкахь хилира оццу районан цIеяларх ларбаран №17, №29 йолчу декъийн белхахой. Цара дешархошна дийцира стаг хи чу воьдучу хенахь цунна муха гIо дан деза а, «гIодаран жилет» тIе муха юха еза а. Иштта, шайн къамелехь цара билгалдаьккхира, тIебогIучу аьхкенан муьрехь цIейийларш дукха хилар а, бераша динчу зуламах церан дай-наной административни жоьпе озо йиш хилар а. Цхьаьнакхетар дерзийра дешархошна экстренни службийн номерш (101, 112) екъарца.
З.САГАЕВА
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо