Киношколехь говзанчаш кечбийр бу

  Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографехула йолчу урхаллехь «Шаг» киношколе деша хIитта луучаьрца къамел хилира кинематографин куьйгаллин.

Киношколехь Iама луучеран хьуьнарш зуьйш вара Ерригроссин пачхьалкхан кинематографин институтан выпускник, Москвахь режиссеран болх беш волу Мамедов Артур, «Дагфильм» киностудин куьйгалхо Ханипаев Ислам, «Шаг» киношколин директор Бойко Татьяна. Иштта царна юкъахь бара нохчийн кинематографисташ: «Чеченфильм» кинокомпанин коьрта оператор («Шаг» киношколин выпускник ву иза) Барзукаев Iумар, Россин кинематографистийн союзан декъашхо Терекбаев Беслан.

Оцу киношколехь актераш кечбина а ца Iаш, режиссераш а, операторш а, монтажераш а кечбо. Кинон хьаьрма теорин буха тIехь йовзийтарал сов, цаьрга практика а йойтур ю. Сериал я кино йоккхучу хенахь кинематографин куьйгалло киношколин дешархошка а дакъалоцуьйтур ду съемкашкахь. Киношкола чекхъяьккхинчул тIаьхьа, царах уггаре а тоьлла дешархой шайн  урхалле балха хIитториг хилар хаийтира кинематографин куьйгалло.

Июнь беттан юьххьехь дIайолалур ю «Шаг» киношколехь занятеш.

З.ХАСИЕВА

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: