«Оха могаш Iер-дахар хоржу»

Дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь «Оха могаш Iер-дахар хоржу» цIе йолу гайтам хилир. Гайтаме ехкина яра «Домашний доктор», «Домашняя аптека», «Настольная книга здоровья», «Целительные ароматы природы», «135 уроков здоровья» книгаш. Наркотикаш а, цигаьрка а, корта бахош долу молханаш а лелорна дуьхьал профилактика яран Iалашонца вовшахтоьхна дара и гIуллакх.  IMG-20160527-WA0000

Вуьшта аьлча, гайтаман Iалашо яра библиотекин ешархой харцахьа новкъа бовларх ларбар а, уьш могаш Iер-дахарехьа хилийтар а. Ешархошна хазахеттера и гайтам. Шайга дуьйцучуьнга сема ладуьйгIира бераша. Вуочуьнга марзваларх ларвала везаш хиларх а, цаьрга марзвеллачу муьлххачун а тIаьхьало дукха ирча хуьлуш хиларх а лаьцна чулацаме къамелаш дира библиотекин белхахоша.

Гайтаме хьовсучу хенахь берийн дуккха а хаттарш кхолладелира. Шайна хаа луург белхахошка хатта а таро хилира церан. Ткъа цара берашна кхоччуш жоьпаш а делира, хьехарш а дира. Цул тIаьхьа безамна цхьаьна суьрташ дехира оцу гIуллакхехь дакъалаьцначара.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Бераш гайтаме хьовсуш        

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: