Коьрта тидам тIебахийтар лоьху гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара цIавеанчу дийнахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон куьйгаллица а, полкийн а, подразделенийн командирашца а. Цигахь дакъалоцуш вара иштта республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан экономикин а, юкъараллин а, кхерамазаллин Советан секретарь Черхигов Идрис.

Кадыров Рамзана бакъонаш ларъяран органийн белхахошна тIедиллира юкъараллехь кхерам ца хилийтарна а, бакъонийн къепе хилийтарна а кхачоярна кхин а алсам тидам тIебахийтар. Оцу белхан дикалла а, эвсаралла а хьалха хиллачул а лакхара хила езарна тидам тIебахийтира цо. «Криминогенни хьал республикехь синтеме ду. Махкахь уггаре а дикачех а ду иза.  Делахь а, цуьнга хьаьжна ца Iаш, къепе хилийтарна кхачояран гIуллакхаш тергонера довлийта мегар дац. Оха боккха болх дIабаьхьна республике дозанал арахьара инвесторш балорехьа. Уггаре а хьалха цара тидам тIебахуьйтуш дерш кхерамазаллин гIуллакхаш ду. Цундела вай къаьсттина тидам тIебахийта беза и декхарш кхочушдарна», – элира цо.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, юкъараллехь кхерам ца хилийтарна кхачоярехь доккха маьIна лелон дезаш ю регионан каппийн хьукматаш. «Каппийн инспекторш сема а, хIайт аьлла а, шайн каппашкахь долу хьал ма-дарра девзаш а хила беза. Каппийн хьукматаш бакъонаш талхийначу метте сихха тIекхаьчна ца Iаш, бакъонаш талхор цахилийтарехьа къахьоьгуш а хила еза», – бохура Р.Кадыровс.

Цо билгалдаьккхира вежарийн ГакаевгIеран гIера а, кхечу гIеранийн «баьччанаш» а хIаллакбар нохчийн бакъонаш ларъяран структурийн боккха кхиам лара богIушхилар. «Вай хIаллакбина бандподпольена коьртехь лаьтташ хилларш. Кхиънарг, ведда дозанал дехьа ваьлла, уьш кхин юха а богIур бац. Ткъа лаьмнашкахь ведда лелаш волчу масех бандитан кхоллам а изза хир бу», – чIагIдира республикин Куьйгалхочо.

Цул сов, Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира бакъонаш ларъяран органийн белхахоша шайн корматаллин тIегIа лакхадаккхарна тIехь а, белхан низам чIогIа хилийтарна тIехь а болх бан безаш хиларна. Иштта, цо хьахийра республикин некъашкахь долу хьал. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, некъан-транспортан бохамаш хиларна бехке наггахь лакхарчу даржашкахь белхаш беш болчеран гаргара кегийрхой хуьлу. «Закон талхийнарг милла велахь а, цунна хьакъдоллу таIзар дан деза. Законна хьалха массо а цхьабосса ву. Республикин хIора вахархочунна хаа деза иза, муьлххачу даржехь велахь а», – элира Кадыров Рамзана. Цуьнан къамел къобалдеш тIеийцира цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачара. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.

Д.АНАДЕВ 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: