Спортан керланаш

Бисултанов Райбек – Данин чемпион

ХIокху деношкахь Аалборг гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула Данин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш бара оцу пачхьалкхера  спортан 11 клубера классикаш.

Карарчу шеран бекарг (март) баттахь Европин чемпионатан финале ваьлла хилла Данин вовшахтоьхначу командин декъашхо Бисултанов Райбек кхузахь дегIан йозалла 85 кг. йолчу категорехь леташ вара. Ялх латар дIадаьхьира цо. Хьалхарчу кхаа латарехь иза тоьлашха хилар гуш дара. 10:0 жамI долуш, нохчийн спортсменан толамца дирзира уьш.

Финалехь Райбек летира «Тор» клуберчу Й.Эсбенсенца. Оцу тасадаларехь жамI 11:2 долуш, толам баккхарца Р.Бисултановх Данин чемпион хилира.

 

Дзюдоистийн кхиам

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округан дзюдо кепара охьатохархлатарехула йолу чемпионат. Нохчийчуьра а, луларчу регионашкара а цигахь дакъалоцуш 238 спортсмен вара.

Уггаре а дукха спортсменаш Нохчийн Республикера а (56), Дагестанера а (56) бара.

Нохчийн спортсменаша оцу къийсадаларшкахь 5 дашо, 3 дато, 3 йоьза мидалш ехира.

Шайн-шайн дегIан йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира  Алиев Iумара (60 кг.), Аюбов Алихана (66 кг.), Тепкаев Турпала (81 кг.), Эскерханов Iадлана (100 кг.), Эльдиев Iелас (+100 кг.).

Л.ДАУТОВА

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: