Филологин декъехь къахьоьгучу нехан корматаллин дезде ду хIутосург (май) беттан 25-гIа де. ХIора шарахь билгалдоккху иза Россехь а, цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкахь а. Историн, лингвистикин, литературин декъехь а, дешаран, историн мехаллашна талламаш беш а къахьоьгучеран де ду иза.
Нохчийн Республикехь филологаш кхиоран гIуллакх муха ду хаа лиъна, тхо хилира Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтехь. Шаьш бечу балхах лаьцна тхуна дийцира Институтан директора, хьехаран Iилманийн доктора, профессора, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхочо-корреспондента Арсалиев Шавадис.
– Шавади, Институтехь йолчу кафедрех а, хьехархойн коллективах а лаций дийцахьа.
– Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтехь болх беш профессорийн-хьехархойн йоккха коллектив ю. Кхузахь ворхI кафедра ю: нохчийн филологин (куьйгалхо – филологин Iилманийн кандидат, доцент Солтаханов ИбрахIим), даймехкан а, дуьненан а литературин (куьйгалхо – филологин Iилманийн доктор, профессор Хусиханов Ахьмад), оьрсийн меттан (куьйгалхо – филологин Iилманийн доктор, профессор Халидов Айса), актерийн (куьйгалхо – Нохчийн Республикин халкъан артист Майрсултанов Iела), юкъарчу языкознанин (куьйгалхо – филологин Iилманийн доктор, профессор Овхадов Муса), журналистикин (куьйгалхо – Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дачаев Iадлан), хьехаран а, психологин а (куьйгалхо – хьехаран Iилманийн кандидат, доцент Ажиев Мохьмад).
Иштта, кхузахь къахьоьгуш ву филологин Iилманийн доктор, профессор Тимаев Ваха, РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев МутаIелип, кхиболу говзанчаш.
Институтехь 85 хьехархо ву, царах 10 – Iилманийн доктор, профессор; 38 – Iилманийн кандидат, доцент; 8 – доцент; 2 – Iилманийн кандидат, лакхара хьехархо.
– Студенташ Iаморан гIуллакх муха ду?
– Шуьйрачу хаамийн гIирсийн техникин, технологин а, фольклоран а, дешнийн а, психологин а йиъ дешаран а, Iилманан а лаборатори ю. 17 а, 12 а меттиг йолуш шиъ лингафонни кабинет, тестови класс (19 меттигна лерина), лекцийн залаш (288 меттигна лерина), 377 меттигна практически занятешна лерина аудитореш ю. Актерийн сценически, хелхарийн залаш а, музыкальни занятеш дIаяхьа аудитореш а ю.
Студентийн теорин курсаш, дешаран планаца йогIуш, тIечIагIйо фольклоран, диалектологин, хьехаран, дешаран, производствон практикашца. Нохчийн Республикерчу телерадиокомпанешца а, муьран зорбанан изданешца а, дешаран учрежденешца бина барташ бу тхан цу декъехь.

Институтехь йоккха книгийн фонд ю. Тхан библиотекехь дешаран а, Iилманан а, дешаран-методикин а, исбаьхьаллин литературин а ткъе йиъ эзар сов книга ю, иштта муьран а, электронни а изданеш ю.
– ХIокху шарахь Институто арахоьцучу говзанчийн барам бовзийтахьа.
– Лакхахь билгалъяьхначу корматаллийн говзанчаш бу уьш. Царах очни кепара дешар чекхдаьккхинарг ву 19 – оьрсийн меттан, литературин а, 9 – оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин а, 15 – нохчийн меттан, ингалсан меттан а, 16 – психологин а говзанча. Цул сов, 16 журналист а, 18 актер а ву. Заочни кепара: 46 оьрсийн меттан, литературин а, 48 оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан литературин а, 100 психологин говзанча ву, иштта, 54 журналист а, 27 актер а ву. ДIадаханчу шарца дуьстича лахара барам бу иза.
– Керлачу дешаран шарахь студенташ тIеэцаран гIуллакх муха хир ду?
– Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос хIоттош бу студенташ тIеэцаран барам. ХIора говзаллина къастийна а доцуш, ерриге а институтана хIокху шарахь елларг, бюджетни буха тIехь, 70 меттиг ю (стохкалерчуьнца дуьстича пхи меттиг кIезиг) – очни кепара, 24 меттиг – заочни кепара. Оьрсийн меттан, литературин а, оьрсийн меттан литературин, нохчийн меттан, литературин а шина говзаллина дIалур ю царах дукхахъерш. Меттигаш дIасаекъаран барам хийцабала йиш йолуш бу…
Тахана хIоьттина долу хьал муха ду аьлча, масала, юридически я экономически факультет чекхъяьккхинчарна, вайна ма-хаъара, ярташкахь бан белхаш ца хуьлу. Дукхах болу студенташ цунах кхеташ а хуьлу. Цундела царах цхьаберш тхан факультете деша богIу. Кхечу факультеташкахь бакалавриат чекхъяьккхина цхьаберш магистратуре богIу. Шина шарахь дешча филологаш хуьлу царах.
Интервью дIаяьхьнарг – Л.ИБРАГИМОВА
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо