Халкъан илланча а, лараме къано а
Йоккхачу искусствоца цхьаьнакхетар вайнах Юккъерчу Азе кхалхоле хьалха хилира Бекин. ГIалара артисташ баьхкинера хIара винчу Гендаргана концерт яла. И саннарг юьртахь наггахь бен хуьлуш дацара. Цец-акъ ваьлла висира жима Бека, Димаев Iумара кехат-пондарца лекхначу эшарех а, Дакашов Вахин хелхарех а. «Хелха ца волуш а, илли ца олуш а юьртахь кегийрхойх наггахь ца волура, амма артисташа гайтинарг ша башха дара», – дагалоьцу Бекас хIинца. И шен «цец» шаьш кхалхийначу ГIиргIизойн махка дIа а даьхьира кхуо.
1950-гIа шераш дуьйлалуш, Даймахка цIадерзарх дог ца диллинехь а, гIеххьа чу са дан доьллера кхалхийначу нохчашна. Баккхийнаш белхаш беш а, кегийнаш доьшуш а бара. Хьешана синкъерам бар а, кегийрхой клубашка эхар а хуьлура. Сулюкта гIаларчу Культурин цIийне марзвеллера Бека шен накъосташца цхьаьна. Цигахь сих-сиха хуьлура гIиргIизойн а, оьрсийн а исбаьхьаллин самодеятельностан тобанийн концерташ. «Вай, хIун, нахал оьшуш ду?», – яхь гIаьттира кIентан даг чохь. Дагадеара мацах ша цецваьккхина Дакашов Вахин хелхар. «Кавказан хелхарш» цIе йолуш тоба вовшахтуьйхира Бекас. 1952-чу шарахь дара иза. «Нохчийн хелхарш» а, «нохчийн тоба» а хIинца а олийла дацара. «Концерташкахь оха бакъ хелхар гайтича, мел хазахетара вайнахана, къаьсттина баккхийчарна, – дуьйцу Бекас, – церан бIаьргех хиш хаалора». И болх мел кхиаме хилла хилар гойту 1957-чу шарахь Москвахь хиллачу Кегийрхойн дуьненаюкъарчу фестивалехь Бекас вовшахтоьхначу тобано дакъалацаро. ГIиргIизойн Республикин делегацина юкъахь яра Бекин тоба. «Сила йолчу Ленинан стадионехь, дерриге дуьненна а нохчийн шиъ хелхар дIа-м гайтира хьуна вай, хIумма а ледара а ца гойтуш. Фестивалан лауреаташ а ма хилира тхох», – гIеххьа дозаллица боху Бекас. Иштта зама яра иза – шаьш схьалаьцначу хIуманна тIехь нохчийн кегийрхошна шаьш тоьлла бен гайта ца лууш. Нохчийн къомана тиллина харц цIе харц юйла хаийта лаар дара иза. Оцу заманан чкъурана цунна доккха баркалла а догIу.
1958-чу шарахь Даймахка цIа воьрзу Бека. Хаьржина, караерзийна белхан говзалла яра – шофер. ХIетахь ерриге кIоштахь пIелгаш тIехь ягаръял бен яцара машенаш. Шена и болх кхачарх ца тешаш, ламанан некъашкахула машен лело волавелира иза. «Тхан кIант машенна тIехь ву», – олий, доьзало а гIеххьа дозалла деш, болх бара иза хIетахь. Да а воккхавера, дIогахь санна клубашкахула волавелла ца лелаш, шегга машен елла, болх беш кIант хиларх. Ша дика хелха волуш а, нохчийн мукъамаш дукхабезаш хиллехь а, болх ца хетара цунна сцени тIехь хелхавийлар я иллеш бахар. Амма гена дIа ца дахара Бекин «шофералла». Комсомолан райкомехь гучуделира Кегийрхойн дуьненаюкъарчу фестивалехь кхуо дакъалаьцна хилар а, похIме хелхарча а, исбаьхьаллин самодеятельностан дика вовшахтохархо а хIара хилар. Комсомолан райкомо дехарш динехь а, партин райкомо, дехарш ца деш, тIедиллира Культурин цIийне балха хIоттар а, похIме кегийрхой схьа а гулбина, исбаьхьаллин самодеятельностан тоба вовшахтохар а. Ша Бека-м и гIуллакх ца дезаш вацара, дех ийзалуш, юхагIертара, делахь а, хIетахь партис аьлларг чекхдолура.
Иштта 1958-чу шарахь Нажи-Юьртарчу Культурин цIийнехь Эльмурзаев Бекас вовшахтуьйхира тIаьхьо «Ламанан аз» цIе елла йолу исбаьхьаллин тоба. Цуьнан хьалхара дакъалацархой бара: Насаев Асламбек, Бушуев Iабдул-Хьаьжи, Дарцаев Сайд-Селахь, Дамаев Чапа, Дагуев Абуха, Булгучев Умматгери, Кучина Вера, Мусаева Людмила, Османова Ольга. «Уггаре халаниг мехкарий юкъаозор дара, дай-наношна ца лаьара зудабераш клубе дахкийта, – дуьйцу Бекас. – Нохчийн хелхарш Iамо дийзира меттигерчу школашкахь болх беш хиллачу оьрсийн мехкаршна, цара уьш хазахетарца Iама а дора. ТIаьхьа-м дай-наной а кхийтира оха вуониг Iамош а, хьоьхуш а цахиларх. Дуьххьара тхан тобанна юкъаеанчех яра Пашаева Зараъ, Межидова Хеда».
60–70-чуй шерашкахь дукха шуьйра евзаш яра Нажи-Юьртарчу Культурин цIийнан исбаьхьаллин самодеятельностан коллектив. Республикин а, Ерригроссин а халкъан кхоллараллин хьажаршкахь, фестивалашкахь цкъа а толаман меттиг йоцуш ца йисира иза. СССР-н дукха гIаланашкахь, кхечу пачхьалкхашкахь гастролашкахь хилира нажиюьртхой. Боккхачу безамца дагалоьцу Бекас 1963-чу шарахь халкъан кхоллараллин Ерригроссин фестивалан гурашкахь шаьш ВДНХ-хь а, Лихачевн цIарахчу автозаводехь а концерташ ялар: «Оцу йоккхачу заводан белхалошна хьалха оха дIаэлира «Дин беллачу кIентан илли». Тхо илли аьлла девлча, зезагаш а карахь, сцени тIе хьалавелира заводан директоран заместитель (иштта вовзийтира цо ша), цо элира: «Иллин дешнех ца кхетахь а, шун илли стенах ду кхета тхо». Кхин а хазаниг дара хьуна, тхоьга, охьа ца дуьссуш, кулуарашкахь собарде а аьлла, вахана иза, хье ца луш, хIораннан цIарах цхьацца конверт дохьуш юхавар. Хьо тешар вуй, шишша бIе сом ахча дара хIора конверта чохь. ХIетахь дукха ахча ду иза, (сан белхан шина беттан алапа). Коьртаниг ахча а дацара, ткъа вайн илли иштта дика тIеэцар дара. Тхо дIадахханчохь, иштта хуьлуш а дар-кха хьуна».
«Ламанан аз» ансамбло дIаолуш хилла «Нана», «Езаре», «Iайшат», «Махьмин илли», «БIаьрзечун хаттар», «ХьошалгIа дуьйла» иллеш (церан массеран дешнийн, мукъамийн автор ша Бека вара) халкъан хилла дIахIиттира.
Нохчийн къоман музыкальни культура ларъярехь, кхиорехь доккха дакъа ду Эльмурзаев Бекин а, цо вовшахтоьхна таханлерчу дийне схьаеанчу «Ламанан аз» исбаьхьаллин коллективан а. Цкъа делахь, цунах дика масал хилла, цуьнца йохье буьйлуш, исбаьхьаллин самодеятельностан тобанаш кхоллаелира дуккха а ярташкарчу культурин кхерчашкахь. ШолгIа делахь, и коьрта хила а мега, халкъан иллиалархой, эшаршлакхархой кхиоран шатайпа пхьалгIа хилла лаьтта «Ламанан аз». Кхузахь кхоллараллин хьалхара гIулчаш яьхна ву Усманов Iимран, Дадашева Тамара, Ахматханов Ваха, Абдулкеримов Илес, Чакараева Маьлхаьзни, Эльдерханов Ахьмад, Абдурашидова Кузани, Идрисов Ризван…, и цIерш яцахьара мел къен хетар яра вайн иллийн, эшарийн искусство.
– КIоштахь исбаьхьаллин самодеятельносто иштта зазадаккхар сан хьуьнарна дацара. Республика меттахIоттийначу хьалхарчу муьрехь культурин министр хилла Татаев Ваха, оцу гIуллакхан чIогIа бала болуш стаг вара. Аш лелориг маьIне хIума ду шуна, вай ца ларйича вайн культура ларъян стаг вац шуна бохуш, хуьлура иза гуттара а. 60-чу шерийн юьххьехь КПСС-н Нажи-Юьртан кIоштан идеологин декъехула секретарь лаьттира Киндаров Iабдулла. Бакъ ма ду хьуна, фестивалана я халкъан кхоллараллин хьажарна кечамбечу муьрехь дийнахь-бусий тхан репетицешкахь хуьлур-кха иза. Къоман долу хIума ша дика девзаш а вара Iабдулла. Иштта масалш дукха дара сан дало. Бакъду, тахана санна культурин а, культурин белхахойн а хьашташ айъина, уьш шайн хIора дийнан тергоне эцна куьйгалхой-м ца хилла республикехь цкъа а. Сайх доьзна аьлча, кхин даккхий хIуманаш дан ницкъ ца кхаьчнехь а, со-м дохко ца ваьлла айса лелийначунна, – шен дахаран жамI деш санна, олу Бекас. – Юккъерчу Азехь дуьйна тхан концерташкахь хиллачу наха суна мел баьхна баркаллаш. Цул деза совгIат дац суна. Сан хьал-бахам бу сан хиллачу дешархойн соьга болу лерам.
ХIокху деношкахь 80 шо кхочу Эльмурзаев Бекин. 1936-чу шеран 28-чу майхь Гендарганахь вина ву иза. Бераллин а, кхиаран а шераш Юккъерчу Азехь чекхдевлира. Дерриге а халкъаца цхьаьна лайра мацо а, хало а, бевза-безарех къестарш а. Шен 11 шо кхаьччахьана, доьзалехь ша воккханиг а волуш, ненах хьега а висира. Цунах хир ду-кха цо ша даьккхина «Нана» илли ладогIархойн оццул дагах кхеташ а. Делахь а, шерашка къарлучех вац Бека. Тахана а, мало йоцуш, дIакхоьхьу цо 1958-чу шарахь культурин хьаьрмахь дIаболийна болх. Карарчу хенахь кIоштан Культурин цIийнехь методист ву иза, 2010-гIа шо кхаччалц Культурин цIийнан директор лаьттира. Кхузахь ала догIу Нажи-Юьртан кIоштахь хьовха, ерриге республикехь а уггаре хьалха тойина, меттахIоттийначу культурин объектех цхьаъ ю кIоштан Культурин цIа. Тахана Эльмурзаев Бекас баркаллица дагалоьцу, шен дехарна жоп луш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Культурин цIа (тIеман хьал хIоттале иштта яра цуьнан статус) меттахIотто шена дош далар а, цул тIаьхьа цо шен дош гIуллакхца кхочушдар а, Нохчийн Республикин хьалхара Президент бахьанехь кхунах Культурин дворец (нохчийн маттахь, хьалха а санна, «цIа» алахь а) хилар а, Культурин цIа схьаделларна леринчу даздаршкахь А.-Хь.Кадыровс ша дакъалацар а. 2003-чу шарахь кIезиг хIума дацара иза. Оцу гIуллакхо ша дуккха а хIуманна декхар веш хеташ, ницкъ ма-кхоччу, балхаца ларо гIерташ схьавогIу Бека тахана а. Цуьнан белхан зеделлачух доккха гIо-накъосталла хуьлу кIоштан Культурин цIийнан а, яртийн клубийн а белхахошна.
Бакъду, шен шераша тIедожийна кхин цхьа деза декхар а ду цунна тIехь – кIоштан ларамечу къанойх цхьаъ ву Бека.
Хийла хир дац моьттина захал а хилла, дерза ца туьгу дов а дирзина Бека юкъавалар бахьана долуш. Юьртахь цхьа а дика-вуон ца доьрзу кхуо дакъа ца лоцуш, кIоштан а, республикин а культурин, юкъараллин дахарехь жигара дакъа а лоцу. Цундела махкахойн сий-ларам а бу. Шайн дозалла лору нажиюьртхоша Эльмурзаев Бека.
Хаза, оьзда, доьзал а кхиийна Бекас а, цуьнан хIусамнанас ЖухIирата а (иза хIинца йоцуш ю, шу марша). 3 кIант (Мохьмад-Эми, Асланбек, Бекмирза), ши йоI (Аминат, Лариса), 13 берийн бер ду кхеран боккхачу доьзалехь. Берех хIора а, шен доьзал болуш, дахарехь шен некъ карийна, шен метта-мотт болуш вехаш ву. Дас царах, къайлах, шен дагахь дозалла деш а хийтира, къаьсттина а, Бекмирзех – иза генахь хиларна делахь а, я шел тIаьхьа йиша-вешина цунах тIетевжийла хиларе дог дохуш делахь а. Тольятти гIалахь, полицин подполковник волуш, нуьцкъаллин органашкахь болх беш ву иза. Олуш ма-хиллара, буьзна никх санна, хиламех, лехамех хьаналчу къинхьегамах дуьзна хилла Эльмурзаев Бекин 80 шаре дахделла дахар. Iедало а, юкъаралло а дика мах а хадийна цуьнан къинхьегаман. Цунна динчу совгIатийн цIерш дIаязъян зорба тоьхна 3 агIо ийшира тхуна, цундела, уьш дерриге а дагар ца деш, кхаа-деа совгIатан цIе а яьккхина дуьту оха: «Нохчийн Республикин халкъан артист» Сийлаллин цIе, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан а Сийлаллин грамоташ, тIаьххьара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун сацамца, кхуьнан Iер-дахаран хьелаш тодаран Iалашонца Гуьмсе гIали юккъерчу керлачу цIеношкахь хIусам ялар, иштта кхин а, кхин а.
Ненан мотт, дайн гIиллакхаш, халкъан илли. Иштта цхьа мехаллаш хуьлу къам хиларан билгалонаш хилла лаьтташ. Веза а, сийлахь а ву и мехаллаш ларъеш къахьоьгург. Иштачех ву Нохчийн Республикин халкъан артист Эльмурзаев Бека.
Ша лелориг дош хета цунна
Киндаров Iабдулла, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, 1985–1993-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н (Нохчийн Республикин) культурин министр:
– Вайн халкъан культурин шатайпа васт ду Бека. Оцу гIуллакхана вича санна, шен хелхаршца, иллешца, вистхиларца, вахарца къоман культурин бакъонца волу векал ву иза. Воккхачуьнца – воккха а, жимачуьнца – жима а волуш, хьаьнцца а – министраца а, Iилманчица а, яздархочуьнца а, ахархочуьнца а – бийца мотт а бу, лело гергарло ду. Кхалхийначохь вайн къомана уггаре а хала даьхкинчех дара 1946–1948-гIий шераш: мацалло а, махкалло а гIелдина адам, хийра мохк, хийра адамаш, баьржина доьзалш. Оцу халачу шерашкахь Соип-моллин кIанта Iаббаза аьллера: «Хьаша-да веача синкъерам белаш, зуда ялийча ловзар хIоттаделаш, пондар локхучуьнга пондар лакхийталаш, илли олучуьнга илли алийталаш, адамийн дог-ойла ойъу хIума хIуъа магийталаш». Даймахках къаьстина даьккхинчу кхойтта шаро боккха эшам бинера нохчийн маттана, гIиллакх-оьздангаллина, къоман ламасталлин культурина. Кхоамза бохийначу дайн кхерчашна тIе цIабирзинчу ламанхошна атта ца даьхкира цIа даьхкина хьалхара шераш. Хьалха, дохийначохь а санна, хIинца а оьшуш дара адамийн дог-ойла айар, вуьшта аьлча, къоман культура денъяр. Оцу декъехь доккха маьIна лелийра Бекас а, цуьнгара масал оьцуш, цунна тIаьхьахIиттинчара а. Бека сан гергара стаг ву, ас лоруш ву, хIинца, хIара аьтто баьллачуьра, вина 80 шо кхачарца даггара декъалво.
Даудов Рамзан, Халкъан кхоллараллин туьшан директор, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин Композиторийн союзан председатель:
– Эльмурзаев Бека корматаллин (профессиональни) артист вац, амма иллиаларан говзаллица корматаллин лакхарчу тIегIане кхаьчна иза. Харц хир дацара, 60-чу шерийн юьххьехь республикехь шуьйра баьржинчу исбаьхьаллин самодеятельностан артистийн боламан юьххьехь лаьттинарг Бека ву аьлча. Кхин цкъа а корматаллин тIегIанах дерг аьлча, 2006-чу шарахь Нажи-Юьртара, Хьалха-МартантIера, Аргунера кхоллараллин тобанаш йигнера оха Новороссийске халкъан кхоллараллин фестивале. Бекас хьалхара а олуш, цигахь цара цхьаьний дIаэлира «Iайшат» цIе йолу илли. Иллига ладоьгIначул тIаьхьа фестиваль вовшахтоьхначара соьга бехкаш дохура, ахь балийнарш самодеятельни артисташ бац, ткъа «профессионалаш» бу бохуш. Халкъана юкъара схьаваьлла халкъан илланча ву Бека. Цуьнга ларъелла халкъан музыкин искусствон шатайпаналла, цуьнан ламасташ. Шен забаречу дийцаршца, иллешца, леларца халкъан материальни йоцчу культурин цхьа билгало лара а мегар ду иза. Тахана а, ша воккха хиллера аьлла ца Iаш, пондарца, иллица гергарло ца хадош схьа а вогIу, бехказлонаш ца лоьхуш, республикин тIегIанехь оха вовшахдеттачу гIуллакхашкахь жигара дакъа а лоцу. Цунна шена ша лелориг дош хетар ду иза. Сулейманов Баудди, Дагаев Валид, Эльмурзаев Бека… дукха беха а бац и могIа. Халкъан музыкин искусствон бухбиллархой лору ас уьш. Царах хIора а къоман музыкин искусствон шатайпа жовхIар ду.
Абдулкеримов Илес, иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист:
– Цхьана юкъана Бекица цхьаьна болх бар нисделла сан – иза Культурин цIийнан директор, со методист волуш. Шен белхан воккха говзанча а, дика вовшахтохархо а хиларал сов, «со-ас» доцуш, цхьана а хIуманна тIехь шена са лехар, шен хьашт хьалхадаккха гIертар доцуш, башха догцIена, догдика стаг санна вевзина суна иза. Со а, со санна кхин иттаннаш кегийрхой а, мехкарий а исбаьхьаллин самодеятельносте баьхкира цуьнан масална тIехь, цо куьйгалла дечу «Ламанан аз» ансамблан концерташа дог ира-кара хIоттийна. ХIора шарахь дIахьочу исбаьхьаллин самодеятельностан хьажаршкахь цо билгалбохура жимма а похIме кегийрхой. Цул тIаьхьа уьш кIоштан Культурин цIийнан балха юкъаийзош, концерташка кхойкхуш, республикин хьажаршка кхуьйлуш, бовзийта гIертара, деша хьийсабора, вуьшта аьлча, ницкъ ма-кхоччу, уьш искусствон новкъа баха гIертара. Тахана яха иттаннаш цIерш ю вайн Бека бахьанехь корматаллин сцени тIе бевллачу артистийн. Кхин цхьаъ а ала догIу Бекех. Вайн къоман музыкальни искусствон орамаш лардеш, къоман мукъаман шатайпа башхалла ларъеш, цуьнан сема гIаролхо хилла схьавогIу иза. Тахана, ша саннарг наггахь бен воцу, халкъан илланча ву-кх Бека.
Жабраилов ХIарон, доьзалан гергара стаг, Нажи-Юьртан кIоштан Шовхала-Бердара вахархо:
– Суна Бека вевза а, ас цуьнца гергарло лело а дукха хан ю. Вайн олуш ду: «Ворда дукха лелийча тишло, гергарло – кIезиг лелийча». Цунна тIе а доьгIна, тхаьшиннан гергарло тишдаларна кхоьруш, сих-сиха иза волчохь хуьлуш ву со. Дукха ду Бекера масал эца. Де тоделча, дуьненах Iехавелла, куралла а хаалур яц хьуна цуьнгахь, цхьа хIума тIедеана, халоно хьовзийначохь, де доьхна, собарх воьхна а хаалур вац хьуна иза. Вуьшта аьлча, собарх воьттина, къонах ву. Муьлххачу стеган а мах хадош ерг адамийн цуьнца йолу юкъаметтиг ю. Ерриге кIошто а шех дозалла деш, сий-лараме стаг ву Бека. Хийла доьрзу доцу дов дирзина иза орцахваьлча, хир дац моьттина захало хилла иза юкъавоьлча. Шен хьашташ хьалха даьхна ца лелла цкъа а, цундела нахалахь сий а ду. Цул деза хIума хуьлийла дуй стагана? Къоман культурехь цуьнан маьIнех дерг аьлча, халкъан исбаьхьаллин самодеятельностан ага техкийначех ву иза. Ерриге республикехь а гIараяьлла яра (хIинца а ю) цо куьйгалла дина кхоллараллин тобанаш. Дерзош, цхьана дашца аьлча, хIокху дуьненахь ша цхьана ханна вуй хууш, цIена бусалба ву.
Иллешка дирзина могIанаш
Эльмурзаев Бекас дIаолуш долу дукхах долу иллеш цо шен дешнашна, ша мукъамаш баьхна ду. Цуьнан похIмаллин цхьа дакъа ду иза а. Царах масех тахана шун кхиэле дуьллу оха.
Нана
Тахана кхечи со
суо винчу сайн юьрта,
Сан нанас, хаза хьоьстуш,
кхиийнчу хIусаме,
Бераллехь мерза мур
баьхьначу ирзе,
Кху ирзехь сайн нана
гаре сатесна.
Сайн ненан дикалла,
цуьнан хаза гIиллакхаш,
Ас цуьнца яьккхина
и мерза зама.
Кху ирзехь дитташ тIехь
олхазарш дека,
Ткъа сан дог хьо гаре
сатуьйсуш кхехка.
ДагайогIу суна и
яхана зама,
Хета и тахана
набарах санна:
И шога аганан гIаж
хьайн буйна лаьцна,
Сан хазаниг, ахь бохуш
техкийна зама.
Дага догIу тахана,
со вина сан нана,
Со кара ахь эцна,
цу беша вай дахна,
Хьайн хаза кIайн куьйгаш
стоьмаш тIе кхийдадеш,
И гаьннаш охьаийзош
гуш санна хета.
Баркалла ду хьуна,
со вина сан нана,
Кху ирсан заманна
ахь кхиаварна.
Адмашца гIиллакхаш,
бийца мотт Iамийна,
Ехийла кIенташна
хьо санна нана.
Сан дехар ду шуьга,
сан хьоме доттагIий,
Аш пусар делашна
шаьш динчу шайн нанойн,
КъинтIера бахалаш
шаьш хьийзабарна,
Бехийла уьш вайна
массо а ханна!
БIаьрзечун хаттар
Ца го суна хIумма а,
бIаьргаш а дац сан,
Алийша, адамаш,
хIун бос бу сан, алий.
Iаьржачу чкъурахь ву те со,
Ву те со мостагIчух тера.
ТIом – иза ловзар дац,
Иза ву зуламан да.
ХIаллакьхуьлу адамаш,
йиша-вешех хеда.
Шелдо цо ненан дог,
юучух и хеда.
ХIун чIир ю те адамаша
вовшашца лоьхург?
Хилча машар дуьнен чохь
хир дара адамаш мерза.
Мел чIогIа барт болуш
дехар дара адамаш.
Ца эшар-кха тIаккха
бIаьргаш а суна.
Хир вара со реза,
гIаж луьйзуш лела.
Мила ву и тIом безарг,
йиша-ваша совдаьлларг,
Даймахка дIовш таса
дагахь хилларг?
И Iаьржа дог кийра
диллина и ваьллехь,
Вуьсийла и даиман
со санна бIаьрзе!
Хуур ду цунна ша воккха хиллий!
Накъостан меттана Iаса
буйна лаьцча,
Шен чехка болар лагIдала
доьлча,
Замано Iаьвшина неIара
айра санна,
Шен хаза юьхьсибат
хебаршка дахча,
Хуур ду цунна
ша воккха хиллий.
Къоначаьрца уьйраш шен
жимъяла йоьлча,
Вахар-вар, синкъерам
жимдала доьлча,
Овгол кхосса кечдина
цIулла Iад санна,
Шен турпала букъасирт
охьа хьийза доьлча,
Хуур ду цунна
ша воккха хиллий!
Шен хьомсара доттагIий
жимбала боьлча,
Кхин накъост лаца ша
йиш йоцуш висча,
Хьеран тIулг оьллина
толлан дитт санна,
Турпала ши гола
язъяла йоьлча,
Хуур ду цунна
ша воккха хиллий!
Хьомсарчу доьзалийн
юьхьсибат ца девзаш,
Нур долчу бIаьргаш тIе
кIайн марха еъча,
Ка етташехь, къоналла
кера йийла йоьлча,
Бераллин амалаш
Ша лехьо воьлча,
Хуур ду цунна
Ша воккха хиллий!
АгIо кечйинарг – Хь.Аболханов
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо