Волгоградан областан тоьлла доьзал

лерина нохчийн АхмадовгIеран доьзал

Тахана дуккха а нохчий бу Даймахкал арахьа бехаш… БIеннаш эзарнашкахь хила а тарло церан терахь. Уьш беха Россин Федерацин хIора а субъектехь, Хонкарахь, Урдунехь, Шемахь, Евросоюзан пачхьалкхашкахь, Казахстанехь, ГIиргIизойчохь, Iамаркахь а. Цара Даймохк «дIатасар» лаамца а, лаамза а нисделла ду. Амма дахар мел генахь хиларх а, нохчаша шайн мотт а, шайн Iер-дахаран куц-кеп а, ламасташ а, гIиллакхаш а ца дицдо. Хийлазза хеза Даймахкал арахьа бехачу нохчийн аьтто хиларх а, цара тайп-тайпанчу агIонашкахь кхиамаш бахарх а лаьцна. Ишттачарех бу Волгоградан областехь бехаш болу АхмадовгIеран доьзал а.АхмадовгIеран доьзал

АхмадовгIеран доьзал 9 стагах лаьтташ бу. Доьзалан да, Ахмадов Мовсар, вина 1965-чу шарахь. 1987-чу шарахь, эскархочун гIуллакхаш кхочушдина ваьллачу шарахь, шен деца Эдилсолтица Волгоградан областе балха воьду иза. ХIорш цигахь болх беш а болуш, Нохчийчохь пачхьалкхан карчаман хьалхара дакъа дIадолало. Цуьнца доьзна а долуш, кхеран доьзал цигахь буьсу.

ХIорш бехаш йолу шахьар Старополтаван кIоштахь яра. Цигахь тIамах бевдда баьхкина нохчийн доьзалш тIе а оьцуш, царна даа а, духа а латто гIерташ, дукха къахьегна Мовсара.

– Ши чоь бен йоцучу тхан жимачу хIусамехь 18 стаг вехаш мур а баьхьна оха. Оцу муьрехь тхуна мел дуькъа хиллехь а, тхох хIора а кхеташ вара, вайн цIахь кхин а чолхе хьал хиларх, – дуьйцу Мовсара.

Цо дийцарехь, тIом дIабирзича доьзал а эцна, Даймахка цIаверза дагахь вара иза, амма цхьацца бахьанаш тIеIиттадаларца и лаам кхочуш ца хилла.

Цуьнан хIусамнана, Эланукаева Разет, йина 1966-чу шарахь. Иза «Нана-турпалхо» орденан кавалер ю.

Хьалхара йоI, Ахмадова Iайхант, йина 1988-чу шарахь. Чекхъяьккхина Москван экономикин а, социалогин а урхаллин пачхьалкхан институт. Карарчу хенахь болх беш ю Россельхозбанкехь.

ШолгIа йоI, Ахмадова Седа, йина 1990-чу шарахь. Кхиамца чекхъяьккхина Волгоградан пачхьалкхан аграрни университет. Европехь уггаре а тоьлла лоруш волчу пурнхочо Хольц Эберхарда маситтазза Германе балха а кхайкхина Седа.

КхоалгIа йоI, Ахмадова Хьава, йина 1992-чу шарахь. Чекхъяьккхина Волгоградан пачхьалкхан социально-педагогикин университет. Карарчу хенахь болх беш ю Россельхозбанкехь.

Хьалхара кIант, Ахмадов Турпал-Iела, вина 1994-чу шарахь. Волгоградан пачхьалкхан университетан 4-чу курсехь доьшуш ву. Iамош йолу говзалла: «Суьдан эксперт-криминалист».

ШолгIа кIант, Ахмадов Борз-Iела, вина 1996-чу шарахь. Доьшуш ву Волгаградан пачхьалкхан социально-педагогикин университетан 2-чу курсехь. Iамош йолу говзалла: «Экономика а, урхалла а».

КхоалгIа кIант, Ахмадов Шайх-Мансур, вина 1998-чу шарахь. Доьшуш ву 10-чу класехь.

ЙоьалгIа йоI, Ахмадова Радима, йина 2007-чу шарахь. Доьшуш ю 2-чу класехь.

ДIадаханчу шарахь АхмадовгIеран доьзал Волгоградан областехь уггаре а тоьлла доьзал лерина бу. Оцу хьокъехь 2015-чу шеран 27-чу ноябрехь церан цхьаьнакхетар хилла областан губернаторца. Цул сов, царна яла лерина ю ден а, ненан а сийнна орденаш. Волгоградан областан Думехь билгалдаьккхина ма-хиллара, карарчу а, тIедогIучу а шерашкахь харжа АхмадовгIераниг санна болу доьзал кхин бан а бац областехь.

И.ИСЛАМОВ

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: