Нохчийн Республикин бахархошна хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь йолу шайн бакъонаш а, декхарш а довзийтарна лерина гIуллакхаш (Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос тIеэцна комплекс) кхочушдаран Iалашонца Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министр Зайпуллаев Муслим цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIаларчу дукха петарш йолчу цIенойн бахархошца. Иштта цигахь дакъалецира дукха петарш йолчу цIеношна урхалла дечу организацийн векалша а.
ХIусамийн-коммунальни декъаца муьлхха а кепара юкъаметтигаш йолчу берриге бахархойн бакъонаш а, декхарш а довзийтира цхьаьнакхетарехь. Иштта, дукха петарш йолчу цIеношна урхалла дечу компанийн белхан таллам а бина, цхьайолчу организацийн белхан кхачамбацарш гучудехира. ХIусамийн-коммунальни бахамехь кхачамбацарш ца хилийтархьама дан деза гIуллакхаш а дийцаре дира цигахь. Царна юкъахь дара урхалладаран организацеш къасторехь а, церан балхана тIехь (дукха петарш йолчу цIенойн советашна хIусамийн законодательствос тIедехкинчу декхаршца догIуш) терго латторехь а хIусамийн долахоша шуьйра дакъалацар. Гулбеллачарна иштта йовзийтира пачхьалкхан хIусамийн терго латторан органан Iалашонаш а, бахархойн дIахьедарш тIеэцаран къепе а, хIусамийн законодательствос чIагIдина долу тIедехкарш ца лардинчу бахархойн хьокъехь законо билгалдаьккхина долу жоьпалла а.
ХIинцачул тIаьхьа, ЖКХ-н декъехь къахьоьгуш йолу организацеш юкъа а озош, шен-шен хенахь бахархошца цхьаьнакхетарш дIахьур ду ша элира М.Зайпуллаевс. Иза бахьанехь дукха петарш йолчу цIеношна урхалла дечу организацийн болх а тидамехь хир бу, Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман юкъара хьал а толур ду.
А.ИТАЕВА
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо