Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдаран Iалашонца Нохчийн Республикин финансийн министр Рассуханов Iусман цхьаьнакхийтира Россин Коьртачу банкан председателан заместителца Торшин Александрца.
Исламан банкинган бакъонийн аспекташкахула йолчу белхан тобанан кхеташонехь дакъалаца Нохчийчу веанера А.Торшин. Оцу кхеташонехь дийцаре дира Россехь Исламан банкинг юкъаялоран гIирсаш а, цуьнца доьзна долу финансийн хьашташ а билгалдохур долчу цхьаьнакхетарна кечамбар.
Дагадоуьйту, Исламан банкинг Россехь юкъаялоран хьокъехь 2015-чу шеран гурахь а къамел динера Торшин Александра. И гIуллакх тIеоьцург хилар билггал хууш дацара цу хенахь. ХIетахь Торшин Александра элира: «Россехь Исламан банкинг юкъаялор вайн мехкан банкийн системина пайдехь хIума хир долуш ду, хIунда аьлча иза динца доьзна ду. Ткъа динца доьзна долу хIума вайн мехкан бахархоша атта тIеоьцу. Иза хьалха дуьйна схьадогIуш ламаст ду»,– аьлла.
А.ВАХАЕВА
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо