Берийн садаIарна – 350 миллион сом

Нохчийн Республикерчу берашна 2016-чу шарахь могашалла меттахIотто а, садаIа а лерина 350 миллион сом сов ахча ду билгалдина.

Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министерство лерина ю хIокху карарчу шарахь могашалла меттахIотто а, садаIа а 18 эзар бер дахийта. Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а сайта тIехь.

– Оцу 18 эзарна юкъара 9 эзар дахаран халачу хьелашкахь долу бераш хир ду. ХIокху 2016-чу шарахь оцу гIуллакхна билгалдаьккхина 350 миллион сом сов ахча ду, – довзуьйту Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министерствон доьзалан политикин департаментан хьаькама Т.Дашаевс. – ХIинцале а республикера  750 сов дахаран халачу хьелашкахь долу бер садаIа дахийтина. Иштта, республикера 6 210 бер хIордан йистехь Iохкучу лагерашка садаIа дахийта кхайкхина конкурс ю садаIаран организацешна юкъахь, оцу конкурсехь тоьллачу лагерца юкъаметтигаш лелор ю республико.

Цул сов, Т.Дашаевс довзийтира, республикерчу 4 500 берана лерина дийнна шарахь садаIаран а, социальни реабилитаци яран а, бераш дIасадигаран а программица шиъ пачхьалкхан контракт бартаца чIагIйина хилар.

(Нохчийн Республикехь 270 эзар 530 бер ду школашкахь доьшуш).

Нохчийн Республикехь тIеман кампанеш хилале 13 садаIаран а, могашалла меттахIотторан а лагерь хилла. Ерриге а регионерчу а, луларчу субъекташкара а бераш тIелоцуш хилла цигахь. Амма царах цхьа а ца йисина республикехь, тIамо хIаллакйина уьш. Бакъду, хIокху шарахь, дешархойн аьхкенан каникулш юьйлалуш схьаелла лерина ю Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлара дуьххьарлера берийн могашалла меттахIотторан лагерь. И комплекс 18 гIишлох лаьтташ ю, иштта, йоккха столови а, футболан, баскетболан, волейболан майданаш а, кхийолу самукъадаккхаран меттигаш а ю цигахь. Лагерь дийнна шарахь болх беш хир ю. Цхьана сменехь 500 бер тIеэца таро хир ю лагеран.

Хь.БАХТАЕВА

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: