Бахрейнера хьеший новкъабехира

ХIокху кIирнах  Нохчийчохь хьошалгIахь Бахрейн пачхьалкхера хьеший бара, церан куьйгаллехь вара Къоман кхерамазаллин агентствон директор, инарла-майор Адель Халифа Хамад Аль-Фадель.Бахрейнера хьеший

Кхерамазаллин гIуллакхашкахула болчу лакхарчу векалийн дуьненаюкъарчу VII-чу цхьаьнакхетарехь дакъалаца баьхкина бара уьш. Нохчийн Республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана тIелаьцнера хьеший. Йоццачу хенахь меттахIоттийна йолу Соьлжа-ГIала, хьакъ йолуш, Къилбаседа Кавказан хилла ца Iаш, ерриге Россин а жовхIар хилла дIахIоьттина хиларх дийцира министра хьешашна.

Нохчийчохь масех де даьккхина шаьш дIадахале хьалха, шен кхузахь хилла синхаамаш бовзийтира Адель Халифа вайн министрана. Цо билгалдаккхарехь, Нохчийчу дахкар вуно пайдехь хилира царна. Кхерамазаллин декъехь уггаре а лазаме долу гIуллакхаш дийцаре дира Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьначу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетарехь. Иштта, хьешаша билгалдаьккхира Нохчийчоьнан хазаллех шаьш цецдевлла хилар а, кхузарчу бахархоша шаьш дика тIеэцар а. И дерриге а, тIом баьллачул тIаьхьа вайн республикехь маьрша дахар дIахIоттар а, хьешаша тIе тидам ма-бахийттара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан говза куьйгалла а, беркате болх а бахьанехь ду.

Кхерамазаллин гIуллакхашкахула болчу лакхарчу векалийн дуьненаюкъарчу VII-чу цхьаьнакхетарехь вайца тасаелла уьйраш кхин а чIагIъяларе сатесна ду шаьш, элира хьешаша. Иштта, вайн республикин Iедалан векал Бахрейн пачхьалкхе хьошалгIа а кхайкхира цара. ТIаьххьара, хьеший новкъабохуш, Адель Халифна холхазан куй белира Рассуханов Iусмана.

А.СУЛИМАНОВА

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: