Соьлжа-ГIалахь Республикин бизнес-туьшахь Нохчийн Республикин Прокуратурехь йолчу жима а, юккъера а бизнес ларъяран юкъараллин советан кхеташо хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин прокуроран заместитела В.Степановс, Нохчийн Республикин Прокуратурин РФ-н законодательство ларъярна тIехь терго латторан отделан лакхарчу прокурора А.Тагаевс, Нохчийн Республикехь предпринимателийн бакъонаш ларъярехула волчу векала И.Усмановс, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан председателан заместитела А.Джамухановс, Нохчийн Республикехь предпринимательствон субъектийн кредитовани яран фондан директора М.Дубаевс, коммерчески йоцчу «Нохчийн Республикин гарантийн фонд» организацин директора И.Асуевс, «Нохчийн Республикин микрофинансийн фонд» организацин директора Ш.Гацаевс, Соьлжа-ГIалин еа кIоштан прокурораша, жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон векалша, кхечара а.
Шен къамел долош Степанов Вадима гулбелларш шайн корматаллин дезденца – Россин предпринимательствон денца – декъалбира. Цул тIаьхьа тайп-тайпана теманаш йийцаре йира гулбеллачара, масала, жимачу, юккъерчу предпринимательствон субъекташна накъосталла дар, лелаш боцчу бахаман кадастран мах хIоттор, чохь Iен бахам чохь ца Iачу бахаме баккхар, и.кх.дI. Предпринимателийн дерриге хаттаршна кхоччуш жоьпаш делира прокуратурин векалша, царна шайн ерриге бакъонаш а йовзийтира.
КхидIа В.Степановс дуккха хьашташ кхочушдаран туьшийн (МФЦ) балхах лаьцна дийцира. Оцу туьшаша 115 тайпана хьашташ кхочушдо, амма республикин дукхах болчу бахархошна цунах лаьцна хIумма а ца хаьа. Нагахь санна меттигерчу администрацехь я дуккха хьашташ кхочушдаран туьшахь шен цхьа хьашт кхочушдарехь гIо ца динехь я хьашт кхочушдаран хан ца ларйинехь, прокуратуре дIахьедар дан йиш ю предпринимателан (дIахьедар куьйга яздан я Нохчийн Республикин Прокуратурин официальни сайта тIехь чу дала таро ю).
Нохчийн Республикин Парламентан депутата Хь.Нутаевс билгалъехира лаьттанийн кадастран мах хIотторца а (республикин ерриге а кIошташкахь тайп-тайпана бу мехаш), арендин мехашца а (цхьайолчу кIошташкахь арендин юкъарчу барамал маситтазза лакхара ду мехаш) йоьзна йолу проблемаш.
А.Джамухановс дийцира «Нохчийн Республикехь жима а, юккъера а бизнес кхиор» пачхьалкхан программин декъехь жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон субъекташна пачхьалкхан гIодаран кепех лаьцна.
ТIаьххьара вистхиллачу И.Усмановс, вайн мехкан законодательствоца догIуш, предпринимателийн бакъонаш ша ларйийриг хиларх тешийра гулбелларш.
Юкъараллин советан кхеташо ерзийначул тIаьхьа, Россин предпринимательствон денца доьзна, Нохчийн Республикин жима а, юккъера а бизнес кхиорехь дакъалацарна Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира республикин предпринимательшна.
А.БАТЫЖЕВА
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо