Хьалххе кхажтасаран жамIаш

«Единая Россия» политикин партин Нохчийн региональни отделенин офисехь 25-чу майхь дIаяьхьира оцу партин хьалххе кхажтасаран жамIашна лерина йолу пресс-конференци.пресс-конференция

Цигахь дакъалецира «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин секретарь а, Нохчийн Республикин премьер-министр а волчу Эдельгериев Абубакара, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин куьйгалхочо Зайналабдиев Валида, хьалххе кхажтасар дIадахьаран Республикин чоьтан комиссин куьйгалхочо Кутаев Нурида, Нохчийн Республикин Профсоюзийн федерацин председатела Солтагереев Хьусайна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, кхечара.

Пресс-конференци дIаяьхьира «Точки опоры» политикин шоун автора Баширов Сайд-Мохьмада.

Хьалххе кхажтасар республикехь дIадахьарх лаьцна журналисташа деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, А.Эдельгериевс билгалъехира «Единая Россия» партин политикехь керла юкъадалийначу хьалххе кхажтасаран Iалашонаш.

– Тхан партин коьрта принципаш – цIена конкуренци лелор, бахархошна йиллина хилар ю. Хьалххе кхажтасар лаккхарчу тIегIанехь дIадахьаран дуьхьа дукха къахьийгира оха. Цундела Нохчийн Республикехь хьалххе кхажтасар цхьа а конфликтан хьал доцуш дIадаьхьира. Ерриге а 87 чоьтан участок кхажтасаран дийнахь болх беш а яра, церан балхаца доьзна цхьа а арз а ца кхаьчна тхоьга. Ткъа оцу хьалххе кхажтасаран жамIийн хьокъехь аьлча, парти царах чIогIа йоккхаеш ю. Нах баьхкира чоьтан участкашка, наха шайн кхаьжнаш а тесира тхуна. Цо гойту, тхан парти нахана евзаш а, езаш а хилар. Тхуна иза вуно мехала ду. Иза ала дашна бохуш а дац, – элира цо.

Иштта, цо баркалла элира кIиранде хиллехь а, чоьтан участкашка а баьхкина, кхаьжнаш тесначу бахархошна.

– Суна баркалла ала лаьа вайн республикин бахархошна. Цара шайн мукъачу денна эшам а беш, дакъалаьцна хьалххе кхажтасарехь.

Къаьсттина баркалла боху Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, – элира А.Эдельгериевс.

Цул тIаьхьа «Единая Россия» политикин партин Нохчийн региональни отделенин куьйгалхочо Зайналабдиев Валида довзийтира хьалххе кхажтасаран рейтинган жамIаш. Цаьрца нийса а догIуш, хьалхарчу меттехь ву Делимханов Адам (99,09 процент), шолгIачу меттехь Селимханов Мохьмад (88,2 процент), ткъа кхоалгIачу меттехь вогIуш ву Саралиев Шамсаил (85,4 процент). Царна тIаьхьа вогIуш ву Догаев Ахьмад (84,5 процент), Кадыров Ислам (84,2 процент), Черхигов Идрис (82,6 процент), Тумхаджиев Iийса (79,6 процент), Ибрагимов Турпал-Iела (78,9 процент), Докуев Русланбек (54 процент), Дуруев Шемал (42 процент), Бакриев Руслан (35 процент), Шамаев Сулиман (31 процент), Муцалов Якъуб (28 процент), Ахметов Къамал (27 процент).

Нохчийн Республикин чоьтан комиссин куьйгалхочо Кутаев Нурида билгалдаккхарехь, 2016-чу шеран 22-чу майхь хилла долу хьалххе кхажтасар шен хIоттийначу къепеца нийса а догIуш дIадаьхьира. 22-чу майхь 20:00 сахьт даьлча дуьйна участкашкарчу чоьтан комиссийн декъашхоша кхаьжнаш дагардар дIадолийра. 24-чу майхь Республикин чоьтан комиссис чекхбаьккхира хьалххе кхажтасаран жамIийн протокол хIотторан болх.

– Чоьтан комиссийн балхаца доьзна цхьа а кхачамбацарш ца гира тхуна. Наха жигара дакъалецира хьалххе кхажтасарехь. Амма суна уггаре коьрта а, мехала а хеттарг оцу дийнахь бахархой самукъане хилар дара. Политикехь къахьоьгучу муьлххачу а партина мехала ду керланиг юкъадаккхар. Оцу декъехь чIогIа кхиъна аьлла хета суна «Единая Россия» политикин парти. ХIокху шарахь дуьххьара дIадаьхьна долчу хьалххе кхажтасаро вайн мехкан политикин а, харжаман а системаш кхин а лакхарчу тIегIане йохург хиларх тешаш ву со, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура.

Кхузахь билгалдаккха догIу, хьалххе кхажтасар юкъадаккхарехь «Единая Россия» политикин партис тIаьхьарчу масех шарахь къахьегна хилар. Оцу декъехь къахьоьгуш Россин Федерацин дукхах йолу субъекташ а яра. Церан хIораннан а зеделларг тергоне а оьцуш, масех шарахь бинчу белхан жамIийн буха тIехь хIоттийна ю партин хьалххе кхажтасар дIадахьаран къепе.

И.АДАМОВ

60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: