Республикин лараме бахархой, 2016-чу шеран 1-чу июнехь 11:00 сахьт даьлча Россин Федерацин Президентан Нохчийн Республикехь йолчу Юкъараллин тIеоьцийлехь бахархошца цхьаьнакхетар дIахьур ду Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенин куьйгалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дийр ду бахархошна пенсешца кхачояран гIуллакхаш.
Бахархойн хьалххе дIаязбар дIахьо телефонехула 8(8712)29-59-01 (Россин Федерацин Президентан Нохчийн Республикехь йолчу Юкъараллин тIеоьцийлин номер: 8(8712)62-86-60).
Адрес: Соьлжа-ГIала, Старопромысловски шоссе, 7-гIа цIа
Цул сов, бахархойн таро ю шайн хаттарш 1301@020.rfr.ru адрес тIе дахкийта а. Кехатехь къастийна хила еза почтин адрес, телефонан номер, электоронни почтин адрес. ДIахьедархочун координаташ билгалйина долу кехаташ толлур ду №59 йолчу «Россин Федерацин бахархойн дIахьедарш таллар» Федеральни законца нийса а догIуш.
№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо