Цхьа-ши дош…

Минскехь тIеэцна сацамаш ма-барра кхочушбаллалц, Россина дуьхьал кхайкхийна йолу санкцеш дIаяха дагахь яц Евросоюз.

***

Ши-кхо шо даьлча Сбербанкана шен клиенташ бевзар бу церан озаца а, яххьашца а.

***

Brent маркин мехкадаьттан июлан фьючерийн цхьана баррелан мах «психологин» билгало лоруш долчу 50 долларал а хьалабаьлла.

***

Японехь дIахьош йолчу G7 саммитан дакъалацархойн кхерамазалла Iалашъеш ву 100 эзар сов полицейски.

***

Россин Федерацин премьер-министра Медведев Дмитрийс сацам бина, «Платон» системин гIоьнца гулдина долу 11 миллиард сом 24 субъектана юкъахь дIасадекъа.

***

Швецин парламенто оборонин министерствона бакъо елла шайн махка НАТО-н эскарш даладайта.

***

Кадыров Рамзана Мисарна гIо-накъосталла кховдийна терроризмана дуьхьало латторехь.

***

Россин Федерацин коммуникацийн а, зIенан а министерство дагахь ю Даймехкан компьютерийн софтан кхачамбацарш билгалдахаран Iалашонца, цунна хакершка талламаш байта.

***

Швейцарин школашкахь бусалба дешархой декхарийлахь бина, шайн хьехархошка куьг а луш, маршалла хатта.

***

Украинерчу ГIирмин гIезалоша Киеве дехар дина, ГIирмин ахгIайренан статус Украинин Конституцехь ГIирма – гIезалойн автономни республика хилар билгалдаккхар доьхуш.

***

Хонкаран керла премьер-министр Йылдырым Бинали дагахь ву Россица йолу юкъаметтигаш дIанисъяран политикин программа тIеэца.

***

Керлачу Зеландис хуьйцур яц байракх: оцу гIуллакхна лерина дIаяьхьначу референдумехь 57 процент бахархоша хIинцалера байракх Iадйитарна кхажтесна.

№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: