ДІадаханчу шеран 19-чу февралехь Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертни залехь дIаяьхьначу конференцехь дуьххьара йовзийтира тIекхуьу чкъор ийманехь, оьзда кхиоран юкъара Концепци. Цул масех бутт хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гIоьнчашца а, Iеламнахаца а, ткъа иштта Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директорца а хиллачу рогIерчу цхьаьнакхетарехь Тевсиев Бай-Iелина тIедиллинера лакхахь хьахийна Концепци кечъяр а, иза кечъяран гIуллакхана вайн цхьамогIа министерствош юккъе озор а.
Республикин Куьйгалхочун дIадолоран доггаха гIо а лаьцна, цуьнан тIедиллар хьокъала доллучу кепара кхочушдира Б-I.Тевсиевс. Цундела оцу конференцехь цуьнан аьтто хилира тIекхуьу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиоран юкъара Концепци министерствийн а, ведомствийн а, юкъараллин цхьаьнакхетараллин а, векалийн кхиэле йилла. Ткъа и Концепци нохчийн къоман синмехаллаш йовзийтарна, 1аморна, лерина ю. Вуьшта аьлча, къоначеран ойланаш малхбузехьа а, малхаблехьа а ца кхерстийта, цаьрга шайн дайша лелийна бусалба цIена дин леладайта, дайн Iадаташ лардайта, гIиллакхаш Iамадайта. И ду-кх коьрта декхар. И ю-кх коьрта Iалашо а.
Вай юьйцуш йолчу конференцехь ша къамел деш Кадыров Рамзана ларамза билгал ма ца даьккхира: «Кхечу махкара веана стаг, и мила ву, и хIун дохьуш веана ву ца хьожуш, баьрче а воккхий, мукъ цуьнан кара а лой, цуьнга ладегIа Iемина ду вай. Цара, Нохчийчохь тIом баккхар бен, дика болх ца бина цкъа а. Динах байракх а еш, даима а вайн халкъ Iехийна цара, вайн дикачу амалх, дог-цIеналлех зуламца пайда а оьцуш. Кхул тIаьхьа вай Iехалур дац царах. Царах Iеха ца бала Iамор бу тIекхуьуш берш. Цунна оьшу вайна къона чкъор ийманехь, оьзда кхиоран къоман Концепци»…
Конференци хиллачул тIаьхьа цхьа шо сов хан дIаяьлла. Цу хена чохь, чIагIо ян мегар долуш, динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан куьйгалло а, векалша а цхьана а дийнахь сацош бац Концепцица дIабахьа хьакъ долу болх дIабахьар. Цара, кхечу министерствошца, ведомствошца, динан, юкъараллин организацешца цхьаьна кест-кеста цхьаьанакхетарш, кхеташонаш, «горга стоьлаш» дIахьо кегийрхошца.
Иштта, масала, лакхахь хьахийначу департментан директора Тевсиев Бай-Iелас цуьнан цалхарчу заместитела Истамулов Іабдуллас цхьаьнакхетарш д1адаьхьна кегийрхойн юрта а бохучу организацешкахь, дешаран учрежденешкахь, кхечонца. Цигахь вовшакхеттачу кегийхошна дийцина дайн Iадаташ, къоман оьзда гIиллакхаш лардан, яхь-юьхь ларъян езаш хиларх, дуккха а кхечунах лаьцна .
Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а, дешаран а, Iилманан а министерствошца цхьаьна департаментан белхахоша цхьамогIа цхьаьанкхетарш дIадаьхьна Нохчийчоьнан лакхарчу дешаран заведенийн студенташца а, къоначу хьехархошца а. Цигахь а коьрта тидам тIебахийтина кегийрхой ийманехь, оьзда кхетош-кхиорна Интернето йоккха новкъарло а, вон тIеIаткъам а беш хиларна. Вайн Iеламнаха маьждигашкахь, кхечу меттигашкахь беш болу хьехамаш тергал а ца беш, оцу Интернета чохь долчух куьйгалла оьцуш, цу чохь яздинарг Дала аьлча санна лоруш, схьаоьцуш цхьа кегийрхой а, мехкарий а бу вайна юкъахь. (Кхузахь вайна дагадан деза Р.Кадыровс Концепци йовзуьйтуш конференцехь дина хиллачу къамела юкъера дакъа). Тахана къоначарех цхьаболчара, веза хьаша вина, баьрче яьккхина Интернет. Цунах долуш долу зен-зулам ца го я ган ца лаьа. Цу хьокъехь дара Б.-I.Тевсиевс а, департаментан кхечу Iеламнаха а студенташца дукха хан йоцуш дина къамелаш. Оцу къамелаша даима санна кегийрхойн кхетам сама а баьккхира, цаьрга ойла а яйтира.
Департаментан директоран республикин «Даймохк» газетан редакцин коллективаца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Газето нохчийн мотт Iаморехь, кхиорехь, марзбарехь лелош долу маьIна доккха билгал а даьккхина Тевсиев Бай-Iелас дийцира Концепцин Iалашонаш а, декхарш а кхочушдарехь шаьш, кхечу министерствошца а, ведомствошна а цхьана денна бечу балхах. Дукхах йолчу аудиторешкахь вовшахкхетачарна, цо дийцарехь, дика тIеIаткъам бо нохчийн маттахь дечу къамело. ХIунда аьлча, нохчийн гIиллакхех, оьздангаллех, эхь-бехках, Iадатех лаьцна дерг ненан маттахь санна сих, дагах кхеташ дийца ца ло. «Даймахкехь» хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалецира иштта «Вести республики», «Столица» газетийн, «Грозный-Информ» хаамийн агентствон белхахоша, кхечара.
Цара жигара дакъа а лоцуш Дийцира хIокху заманахь кегийхошкахь нохчалла, даймахке безам кхиорехь нислучу хаолнех, уьш эша а еш, нохчийн халкъан, цуьнан хиндолчун дуьхьа бан безачу некъах лаьцна.
Цу тІе а доьгІна аьлчаКонцепцина тIе а тийжаш болх бан беза массара а: хьахерахоша, лоьраша, артисташа, пхьераша, йохкархоша, журналисташа, ахархоша, и.дI.кх. ТIаккхий бен кхочур дац вай цу тIехь билгалйинчу Iалашоне – массо а нохчийн йоI, кIант ийманехь, оьзда, гIиллакхе, яхь-юьхь йолуш, стогалла. къонахалла йолуш хиларе.
Цкъа цхьана къамелехь Тевсиев Бай-Iелига хаьттира: «Меллалц болх бийр буц Концепцис, муьлхачу муьрана лерина ю иза?» Оцу хаттарна жоп луш цо билгалдаьккхира: «Концепци билгал цхьана муьрана лерина яц. «Вайн тIекхуьу къона чкъор ийманехь, оьзда кхиоре хьашто мел ю болх бийр бу Концепцис. Ткъа цуьнга хьашто йоцуш хан вайн оьмарехь хир юй а ца хаьа». Делахь-хIета, оцу декъехь беш болу болх а бу дерриге а халкъо, ерриге а министерствоша, ведомствоша, юкъараллин, динан организацеша цхьана дIабахьа безаш.
Цхьа а шеко йоцуш, хIинцале а хаало Концепцин 1алашонаш кхочушъярехьа хІора дийнахь дIахьочу белхан беркате тIаьхье. Кхин хIумма а ца дийцича а тоьар ду: «Тахана а хир вац-те Бай-Iела хьехам беш», – бохуш кегийрхойн тобанаш вайн коьртачу шахьарерчу доккхачу маьждиге («Нохчийчоьнан дог») рузбане оьхуш хилар. Ткъа иза бакъдерг ду. Цо дагна хьаам бо.
С.ХАМЗАТОВ