Чинин а, Нохчийчоьнан а керла зIенаш…

Чинин Халкъан Республика дагахь ю Нохчийн Республикица йохк-эцаран а, экономикин а юкъаметтигаш чIагIъян а, кхерамазаллин декъехула цхьаьна болх бан а. Иштта хаам бира Чинин Коммунистийн партин политикин а, юрисдикцин а комиссин секретара Цзяньчжу Мэна Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетаран чаккхенехь.

«Нохчийчоьнан куьйгаллица мехала цхьаьнакхетар хилира сан. Тхойша дуьххьара гуш вара, амма сайна Кадыров Рамзан дуккха а хенашкахь вевзаш хилча санна, ойла кхоллаелира сан. Оха дийцаре дира вайн шина республикина юкъахь кхерамазаллин гIуллакхашна лерина юкъаметтигаш чIагIйина а ца Iаш, экономикин зIенаш а чIагIъян езаш хилар. Нохчийн Республикица йохк-эцаран юкъаметтигаш къаьсттина чIагIъян еза аьлла а хета тхуна. Цул сов, терроризмана аш дуьхьало латторах а масал оьцур ду оха», – билгалдаьккхира Цзяньжчу Мэна.

Цунна хетарехь, Нохчийчоь, терроризмана дуьхьало муха латто еза гайтарехь, ерриге а пачхьалкхашна масал ду.

«Массарна а хууш ду, цхьана хенахь шун республика терроризмо а, экстремизмо а Iовжийна хилар. Амма Россин Федерацин Президент Путин Владимир а, шун мехкан куьйгалла а бахьанехь, ерриге а республика юхаметтахIоттийна. Хала хан яра, йохийна республика а яра. Амма тахана иза хиллера аьлча а, и сурт шен бIаьргашна гинарг бен тешар воцуш, хаза а, кхуьуш йогIуш а ю хIара республика. Социальни а, юкъараллин а къепе ю кхузахь. Бахархой ирсе бу», – элира цо.

Цул сов, цо хаийтира, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ша Чине кхайкхина хилар.

«Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хадам боллуш стаг ву. Иза шун къоман турпалхо а ву. Цундела, сайн аьтто баьллачуьра, ас Чинин халкъан а, цуьнан куьйгаллин а цIарах дIакхайкхадо, оха нохчийн халкъ а, цуьнан куьйгалла а лоруш хилар. Со тешна ву, чинахойн а, нохчийн а халкъашна юкъара доттагIалла чIагIлуш лаьттарг хиларх», – дерзийра цо шен къамел.

И.ХАСАХАНОВ

№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: