Малхбузенан институтийн мекара Iалашонаш чекхъевр яц

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Мисаран Президентан къоман кхерамазаллин гIуллакхашкахула йолчу гIоьнчица Файза Мохаммед Абулнагаца. Кхерамазаллин хаттаршкахула болчу лакхарчу векалийн дуьненаюкъарчу VII-чу форуман декъехь хилира церан цхьаьнакхетар.

ТIом дIабаьллачул тIаьхьа Нохчийн Республикехь хилла хийцамаш а, кхиамаш а билгалбехира Мисарерчу хьешо.

«Тхуна хазахета тхо Соьлжа-ГIала кхаьчна. Регион меттахIотторехь аш бина болу боккха болх тхайн бIаьргашца гира тхуна. Иштта, кхузахь вовшахтоьхначу саммитехь дакъалацар а хазахийтира тхуна, къаьсттина хазахета иза Нохчийчохь хилар. Баркалла шуна, тхо дика тIеэцарна. Нохчийн къоман культура, Iадаташ, ламасташ довзар а чIогIа тайна тхуна. ХIокху тайпа долчу цхьаьнакхетарша халкъашна юкъара уьйраш а, вовшех кхетар а чIагIдо», – элира Фаиза Абулнагас.

Халачу муьрах чекхъяьллачу Мисарна накъосталла дарна Россин куьйгаллина баркалла элира цо. Мисаран Президента Абдул-Фаттах Ас-Сисин цIарах довха дешнаш элира Фаиза Абулнагас Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира форумехь дийцаре дина долу кхерамазалла латторан гIуллакхаш дерриге дуьненна а мехала а, лазаме а хилар.

«Тхуна къаьсттина хазахета Мисаран векалш тхо долчохь хьошалгIахь хилар. Шун махкахь хуьлучу хиламашна тIехь терго еш дара тхо а, тхуна вуно хаза а хийтира мехкан куьйгаллина бахархошца бийца мотт а карийна, граждански тIом ца болуш, цигара хьал дIадирзина», – элира Р.Кадыровс.

Цо билгалдаьккхира, вайн республика Iер-дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь Мисарца цхьаьна гIуллакхашдан кийча хилар а, терроризмана дуьхьало ярехь Нохчийчоьнан зеделларг хилар а.

«Малхбузерчу мехкийн лерринчу службаша кечбина болу, дуьненан 50 сов махкара, экстремисташ бара тхан республикехь. Нохчийчоь юьхьарлаьцна, Росси йохоран стратеги яра кхоьллина. Оха нохчийн лаьтта тIера терроризм дIа а яьккхира, я Нохчийчохь а, я Россехь а цаьрга шайн мекара Iалашонаш кхочушъялург цахилар дIа а хаийтира», – дийцира Республикин Куьйгалхочо.

Цо билгалдаккхарехь, Малхбузенан институташ, шайна ца езаш йолчу пачхьалкхашкахь иттаннаш шерашкахь тайп-тайпанчу гIирсашца конфликташ кхуллуш, уьш йохоран планаш хIиттош ю.

«Тхуна хаьа, уьш ханна севцина, рогIерчу муьрана кечлуш бу. Тахана, уьш Мисарера юхабовлар, кхин шун махкана тIеIаткъам бийр боцуш, уьш севцина бохург дац. Цара бахьанаш лоьхур ду, нах лоьхур бу, иттаннаш шерашкахь пачхьалкхаш йохоран стратеги кхуллур ю. Масала, Шема, Ливи, Иракъ бертахь, машарехь Iаш а, кхуьуш а пачхьалкхаш яра, амма цхьаболчарна товш дацара иза, цундела, оцу мехкашкахь граждански тIемаш кхоллалур долу бахьанаш лелийра цара», – элира Кадыров Рамзана.

Иштта цо билгалдаьккхира, Россин куьйгаллин дуьненаюкъара политика къовсаме долу хаттарш машарца къасторна а, дуьненан юкъаралла цхьабосса кхиорна а тIехьажийна хилар.

А.ХАСБУЛАТОВА

№60, шот, хIутосург (май) беттан 28-гIа де, 2016 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: