Хьалха – керла къийсадаларш

Дукха хан йоццуш Махачкалахь (Дагестан) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула СКФО-н чемпионат. Цигахь дакъалоцуш бара СКФО-н ерриге а регионашкара спортсменаш. Вайн Республикера цигахь дакъалоцуш вара 26 охьатохархлатархо.03

Вайн спортсменашна юьхькIоме хилира оцу къийсадаларшкахь дакъалацар – ерриге а 13 мидал яьккхира цара. Иштта, хьалхарчу меттехь бара: Висаитов Аслан (59кг), Сулейманов Артур (66 кг), Эльдербиев Руслан (71 кг), Акаев Лом-Iела (130 кг). Дато мидалш ехира: Магомадов Адама (59 кг), Мусаев Сайд-Мохьмада (78 кг), Шаманов Шамила (130 кг). КхоалгIа меттигаш кхечира: Вистангов Шамрудина (66 кг), Исраилов Сайд-Эмина (59 кг), Сукаев Адамна (71 кг), Курбанов Мовсарна (75 кг), Курбанов Сидекъна (80 кг).

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца. Карарчу хенахь керлачу къийсадаларшна кечам беш бу вайн спортсменаш.

З.ШИШХАНОВА

Авторан сурт     

№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31гIа де, 2016 шо    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: