Акхачу Iаламан дерригдуьненан фондо (WWF) Кавказехь леопардан лараш карийначунна ахчанца совгIат кхайкхийна
Иштта хаам бо «Россин Кавказ» Россерчу WWF-н отделенин пресс-секретара Мороз Вячеслава.
WWF-н фондо карарчу хенахь къона леопардаш Къилбаседа Кавказан акхачу Iаламе дIахеца кечдеш ду. И гIуллакх дIахьош ду Хьалхарчу Азин леопардин тайпа Кавказехь даржоран программица а догIуш.
И акхарой Сочин къоман паркан леопардийн доладаран туьшехь кхиийна ду. Цигахь 2013-чу шарахь дуьнен чу девлла уьш. Таханлерчу дийнахь цигахь 13 экха ду (пхиъ доккха леопард, бархI кIорни), уьш деррине а проектан гурашкахь дуьнен чу девлла ду.
– Уггаре а хьалха таллархоша тхайна накъосталла дийриг хиларх дегайовхо ю тхан. Цундела, леопардан лар карийча тхайца зIене муха вала веза хоуьйтуш, таллархойн билеташна юкъа хаам биллина оха. ХIора а керлачу меттигехь карийначу лорах 1,5 эзар сом кхайкхийна проектан куьйгалхоша, – дийцира В.Мороза.
Иштта, экологаша дийцарехь, наха леопардийн ларийн меттана кхечу акхаройн лараш гайта там хиларх лаьцна элира цо: «Цунах гIуллакх хир ду аьлла ца хета суна: говзанчаш Iехалур бац, хIунда аьлча хIора а лар карийначу метте цу декъехь болх бечу говзанчийн тоба дIа а яхана, и меттиг толлур ю, леопардаш муьлхачу хьелашкахь ду хаархьама», – билгалдаьккхира пресс-секретара Мороз Вячеслава.
Дикка хьалха, вай дуьйцучу Хьалхарчу Азин леопардийн тайпа Къилбаседа Кавказера ЦIечу хIорда тIекхаччалц а, Босфорера Инди кхаччалц а йолчу меттигашкахь хуьлуш дара. Ткъа ХХ-чу бIешарахь и акхарой хуьлу меттиг кIезиг хааеллера. Карарчу хенахь леопардийн и тайпа Кавказехь кхин хаалуш а дац, ЦIечу книги тIехь билгалдаьккхина а ду и экха.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31—гIа де, 2016 шо