1-ра июнь, 1944 шо. Юккъерчу Азехь вина Бислиев Iабдул-Хьамид, физикин-математикин Iилманийн кандидат, профессор. Шен схьавалар Эвтарара хилла цуьнан. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ) физикин факультетехь. Оццу университетехь аспирантура чекх а йоккхий, физикин-математикин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо. 1972-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь болх бо лакхара хьехархо, кафедрин заведующи, университетан проректор волуш. Цо йиллина магнитни хиламийн лаборатори Къилбаседа Кавказан ВУЗашкарчу и санначу лабораторешлахь тоьллачех цхьаъ лоруш яра. Кхузахь кечйира Iилманийн кандидатан масех а, цхьаъ докторски а диссертаци (ша Бислиевс). Магнитни хиламийн физикехула цIеяххана говзанча вара иза. Шегара къонахаллин доккха хьуьнар гойтуш, Iабдул-Хьамидан кхалхар хилира 1991-чу шеран 11-чу ноябрехь шен белхан накъост, университетан ректор дIавига гIоьртинчу зуламхошна дуьхьал ваьллачохь.
Iилманчин цIе лелайо Соьлжа-ГIалин цхьана урамо.
2-гIа июнь, 1945 шо. Юккъерчу Азехь йина Багалова Зулай, актриса, Россин Федерацин хьакъйолу артистка. Дешна Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драматически театран школехь-студехь, 1977-чу шарахь чекхъяьккхина А.В.Луначарскийн цIарах йолу театран искусствон пачхьалкхан институт (ГИТИС). Еххачу хенахь болх бина Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драматически театрехь. 60–80-чуй шерашкахь нохчийн театр ерриге Россехь а тоьллачех цхьаъ хилла дIахIоттарна юкъа уггаре а йоккха хазна йиллинчех цхьаъ ю Багалова Зулай. Дукха ролаш ловзийна цо нохчийн театран сцени тIехь. Хьовсархошна къаьсттина дагахь дисинчех ду цо кхоьллина васташ: Алпату («Цхьана юьртахь», М.Мусаев), ПетIамат («ПетIамат», С.Бадуев), Миллер Луиза («Ямартло а, безам а», И.Шиллер), Асель («ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг», Ч.Айтматов), Бусана («Бешто», С.Бадуев, М.Солцаев), Совдат («Совдат а, Дауд а», I.Хамидов), Зулай («Бож-Iела», I.Хамидов), иштта кхин а. Багалова Зулайс сцени тIехь кхоьллина зударийн васташ нохчийн театран искусство кхиорна юкъайиллина шатайпа хазна ю. Карарчу хенахь Зулайс боккха болх бо нохчийн ламасталлин культура шуьйра йовзийтарна тIехьажийна.
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31—гIа де, 2016 шо