Орга – 3–4

ХIокху деношкахь араяьлла литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналан керла номер. Вайна ма-хаъара, тIаьхьарчу хенахь журнал, ши номер цхьаьнатухий, арадолуш ду.1

Хьалхарчу агIонаш тIехь зорбане даьхна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан а,  Машаран а, Конституцин а дезачу деношна лерина декъалдарш.

«Нохчийн меттан денна» рубрикехь дешархойн еша аьтто бу Кавказехь дехачу къаьмнийн меттанех а, таханлерчу дийнахь нохчийн меттан хьолах а лаьцна Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан Сумбулатов Денин «Нохчийн мотт, буьйцуш, Iалашбан беза…» статья а, иштта, «Юбилей» рубрикехь «публицистикехь шен дашца, поэзехь шен мукъамашца вевзачу» журналистах, поэтах Борхаджиев Хожбаудих лаьцна «Дахарца йоьзна кхолларалла» статья а. Циггахь еша аьтто бу юбиляран байташ а.

Журнало зорбане яьхна Б.Саидовн «Ненан мотт», М.Кибиевн «Меттан сий», Ш.Макаловн «Ненан мотт», иштта кхиболчу бевзаш болчу поэтийн нохчийн меттан дозаллах дуьйцу байташ.

«Литературин конкурс» рубрикехь кегийрхойн М.Тимбулатовн, Р.Айсултанован, С-С.Чираевн Нохчийчоьнах, ненах, ненан маттах, кхечу теманашна лерина байташ ю зорбане яьхна.

«… Хьан ши бIаьрг шекар тIехь бара, нускал санна, кIайн къегачу шагаран шекар тIехь. Цуьнан корта хьан хьажарца дIабирзира, иштта схьа а боьрзуш. Чай доьттира, хьалха стакан чу буй буьззина шекар тосуш, стоьлан гIутакха чуьра ши сухар а юьллуш стакана тIе….

…1975-чу шеран гурахь, со студент волуш, Iедало бехке веш, партера дIа а ваьккхина, зорбанна некъ боьхкуш, бевза-безарш а хербелла, уьйрех хаьдда висинчу Халид волчу кхечира со.

Иза лохачу стоьла хьалхахь цхьана жимочу гIантахь Iара, кхин готта хила йиш йоцчу, квартиран  готтачу чохь, аьрзун тIемаш санна, ши белш генна вортанал лакха хьала а яхна, меран буьхьиг а боцуш – гIорийна дIабаьллера, – шийтта-кхойтта шеран беран дегIахь, туьйранера къано санна, вуткъа худавелла, IиндагIах терра.

– Хьан дедушка хьалхарчу Iожаллах цу сухарша ваьккхир-кх хьуна, дера ваьккхира, оцу шина сухаро-м! – кхехь-кхехь-кхехь, – велавелира Халид, виснарг а кхин а жимлуш…», – яздо Бексултанов Мусас  «Проза» рубрикерчу «Хьалхара Iожалла» статьяхь. 1949-чу шеран IаьнтIехь, Ошаев  Халидан а, цуьнца цхьаьна хиллачу тутмакхийн дахарерчу цхьана-шина дийнан хиламех лаьцна ю иза.

Журнала тIехь дуккха а ю дешархойн тидам тIегIур болуш байташ а, дийцарш а. Зударий дуьненаюкъарчу дезачу денца декъал а беш, алссам зорбане яьхна  нохчийн зударийн-яздархойн керла говзарш.

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31гIа де, 2016 шо    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: