Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнехь аьхкенан майда схьаелла кечам беш бу.
Бераш школера мукъа довлу мур бу аьхке. Цуьнца доьзна берийн мукъа хан алсамйолу, тIаккха царна вуониг марздаларна а, Iамарна а, уьш харц новкъа бовларна кхерам а сов бу. Цундела, аьхкенан муьрехь бераш лардаран а, церан мукъа хан пайдехь хилийтаран а йолчу Iалашонца схьаелла лерина аьхкенан майда. Цунах лаьцна тхуна дийцира Берийн кхоллараллин цIийнан директора М.Исапаевас:
«6-чу июнехь схьайоьллур ю оха «Занимательное лето-2016» аьхкенан майда. Аьхкенан муьрехь а шайн берашца болх бийриг хиларх гуттар а самукъадаьлла берийн нанойн. Цу денна лерина оха хаза программа а кечйина. Цигахь дакъалаца кхайкхина Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш долу бераш а, церан дай-наной а, «Голос» проектехь шолгIа меттиг яьккхина йолу Асланбекова Раяна а, «Созвездие-2016» конкурсан толамхо Зубайраев Висита а, иштта кхиберш а. Бераша «Буратино» туьйра а, «Эдельвейс» хелхар а гойтур ду, иштта байташ йоьшур ю, самукъане эшарш а локхур ю.
Исапаева Мадинас дийцарехь, аьхкенан муьрехь берашца бан леринарг кIезиг болх бац. Церан таро хир ю тайп-тайпанчу ловзарех левзина а ца Iаш, дуккха а пайдехь дерг шайна Iамо а.
З.ЛОРСАНОВА
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31—гIа де, 2016 шо