Кхойтта шо дIадаьлла вайн махкахь къоначу журналистийн школа схьайиллина. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство яра 2003-чу шарахь и беркате гIуллакх дIадолийнарг а, шен Iуналлехь къоначу журналистийн школа кхоьллинарг а. Къоначу корреспондентийн школин дуьххьарлера куьйгалхо Майрбеков Муса вара. Иттех шарахь цо болх беш, дукха журналисташ кечбина школо. Уьш вайн махкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь кхиамца болх беш бу. Арсалиева Люба, Сагаева Залина, Джамалдаева Залина, Халидова Аза, иштта дуккха кхиберш а, шайн юьхь, хатI, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, хьанал къахьоьгуш бу Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь. Царах массарах дозалла до къона журналисташ кхиочу хьаьрмахь. Карарчу 2016-чу шеран 31-чу майхь кхойтталгIа тоба арахеца кечлуш ю къоначу корреспондентийн школа. Даима санна, похIме а, хьуьнаре а кегийрхой кIезиг бац хIокху тобанна юкъахь а. Кхин цхьа хIума дара суна къаьсттина билгалдаккха лууш. 2015-чу шарахь дуьйна къоначу корреспондентийн школин директор Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Юнусов Хьамзат ву. Санкт-Петербургерчу пачхьалкхан университетан журналистикин факультет кхиамца чекхъяьккхина, кIорггера хаарш, къеггина похIма долуш, лаккхарчу корматаллин говзанча ву иза. Журналистикехь дуккха а шерашкахь болх бина, алссам зеделларг долуш волчу Хьамзата, ша куьйгалле веачахьана дикачу агIор хийцамаш бина къоначу корреспондентийн школехь. Юьхьанца дуьйна нохчийн маттахь журналистикехь болх бан кегийрхой Iамо Iалашо йолуш кхоьллина яра и школа. Амма цхьацца кега-мерса новкъарлонаш Iитталуш, уьш Iамабар оьрсийн маттахь дIахьош дара. Ша куьйгалле веачахьана Юнусов Хьамзата къоначу корреспондентийн дешар нохчийн матте дерзийна. И мерза кхаъ бу нохчийн культура, литература, мотт кхиаре а, иза массарна марзбаларе а сатесначарна.
2016-чу шарахь, дипломаш кара луш, къоначу корреспондентийн школо арахеца кечйиначу тобанна юкъахь 40 гергга стаг ву. Бакъду, 2015-чу шеран гурахь, тоба деша йолалуш, уьш 50 гергга стаг вара. Делахь а, цхьацца бахьанашца дешарна юкъарбийлар нисделла. Дешаран зерех чекх ца бовлалурш а хилла. Делахь а, Нохчийн Республикин журналистийн могIаршка 40 стаг гергга кегийрхой бахкар, иза доккха совгIат ду халкъана, махкана. Ткъа уьш ненан маттаца уьйр-марзо йолуш хиларо дегайовхо кхуллу къоман журналистикин кхане сирла хирг хиларх. Къоналла даима лехамехь ю, иза керлачу анайисте гIерта, муьлхха дуьхьалонаш херцо кийча а ю. Цунна къеггина тоьшалла ду къоначу корреспондентийн школо кечйина керла тоба. Цундела цIеначу даггара ала лаьа журналистийн атта боцчу новкъабевллачу кегийрхошка: къолам ира, бIаьрса сирла, лерса сема лаьттийла шун даима! Дала аьтто бойла шун!
А.ГАЗИЕВА
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо