Шелара № 1 йолу юккъера школа 1962-чу шарахь чекхъяьккхича, Чуьйри-Эвларчу бархIшеран школе хьеха веара Абдулаев Якъуб. ХIетахь школехь хьехархой тоьаш бацара, меттигера говзанчаш-м муххале а кIезиг бара, цундела юккъера школа чекхъяьккхинарш (церан лаамца) школе хьеха бохуьйтура. Амма дукха хан ялале бIаьхочун декхар кхочушдан эскаре ваха дийзира Якъубан. Эскарехь кхо шо а даьккхина, 1965-чу шарахь ша вехачу Чуьйри-Эвла цIа вирзира иза. Цу шарахь, кхиамца тIеэцаран экзаменаш дIа а елла, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институте деша вахара жима стаг. Цо хаьржинарг математикин говзалла яра, хьалхе дуьйна а и езаш а, иза кIорггера хаа лууш а ша хиларна.
Цу хенахь, халкъ махках даьккхинчуьра цIа дирзина дукха хан а йоцуш, ур-атталла юккъера школа чекхъяьккхинарш а кӀезиг бара. Цундела лаккхара дешар деша жима стаг я йоI яхар Iаламат мехала гIуллакх дара. Ишттачу кегийчу нахах, церан гергарчара дина ца Iаш, дийнна юьрто а дозалла дора.
Сихха чекхдевлира дешаран шераш, математикин хьехархочун диплом карахь а долуш, Чуьйри-Эвларчу юккъерчу школе балха веара Якъуб. Кхузахь шен юьртахошна юкъахь кхин дуккха а шерашкахь хьанал къахьийгира цо, керл-керлачу тIаьхьенашна математикин къайленаш йовзуьйтуш.
Юьхьанца хьехаран балхахь халонаш хиллехь а, уьш шен хьуьнарца а, къинхьегам безаш хиларца а эшош, де дийне мел долу говзалла лакхайоккхуш, схьавогӀура къона хьехархо. Кхунах тешийнарш лакхара классаш яра, хьехархойн институт чекхъяьккхина говзалла а, кӀорггера хаарш а кхуьнан хиларна. Якъуба къахьоьгура, ша кхоа ца веш. Хьехархочун самукъадолура, бераш керланиг довза, хаарш алсамдаха гӀерташ хилча.
– ХӀора хьехархочунна а лаьа шен предмет беро дика Ӏамайойла, – дуьйцу Якъуба. – Суна хазахета, дешархой математика Ӏамо гӀерташ, цуьнан къайленаш яста лууш хилча. Амма ас цкъа а ца аьлла цаьрга, сан предмет кхечарал коьрта ю, иза хьалхаяккха еза. Коьртаниг, массо а предмет дика Ӏама а еш, бераша дика дешар ду. ТӀаккха церан кхиам а хир бу, уьш ВУЗе деша а дахалур ду.
1976-чу шарахь луларчу Дуби-Эвла хьеха вохуьйту Якъуб Шелан кIоштарчу дешаран отдело. Цу юьртарчу юккъерчу школехь математикин хьехархой тоьаш бацара, цуьнца доьзна дара хӀара цига балха хьажор. Керлачу меттехь а ша дикачу агӀор гайтира говзачу хьехархочо. Математика хьехаран гӀуллакх дукха хан ялале дӀанисделира хIокху школехь. Якъуба 20 шарахь сов болх бира Дуби-Эвлахь, денна бохург санна, Чуьйри-Эвлара гӀаш оцу юьрта хьала а лелаш.
– ДӀасаваха машен цахиларна дацара сан гӀаш лелар, сайн могашаллина пайдехь хетара суна иза, – кхетаво со Якъуба. – Со, сиххачу боларца цӀера дӀавоьдий, 40 минотехь белхан меттиге дӀакхочура. Дукха хьолахь, массарал хьалха школе вар а нислора сан. Оцу хенахь гӀаш леларо сайна дикка гӀо дина аьлла, хета суна.
Балхаца я дан дезачу кхечу гӀуллакхаца иза доьзна делахь а, бен доцуш ца хилла Якъуб. Ша делла дош кхочушдеш хиларца а, оьзда леларца а билгалваьлла иза юьртахошна. Жима волуш дуьйна ламаз-марха долуш, нехан дикане-вуоне воьдуш а хилла.
1998–2000-чуй шерашкахь ГӀалгӀай махкарчу Зязиково юьртахь болх бар а нисделира Якъубан. ХӀара гӀиллакхца а, оьздангаллица а чекхвелира вежараллин къома юкъахь, шех дика цӀе а йитира.
Ша дуьххьара хьехархочун некъ дӀаболийначу Чуьйри-Эвларчу школе (хӀинца №1 йолу юккъера школа) юхавирзира Якъуб 2000-чу шарахь. ХӀетахь дуьйна цу школехь, хьалха санна, хьанал къахьоьгуш ву иза, берашна хаарш луш, белхан накъосташна шена зеделларг довзуьйтуш. Ткъа зеделларг 52 шарахь школехь бинчу балхахь цуьнан дуккха а гулделла.
– Къоначу, хӀинцца балха хӀиттинчу хьехархошна шайн баккхийчу накъостийн хьехар а, гӀо а оьшу, – дуьйцу Якъуба. – Корматаллин хаарел сов, кхин дуккха а хӀума хууш хила веза къона говзанча. ВУЗ яьккхича, цунна диплом ло, амма хила ма-веззара хьехархо школехь, дешархошний, шен накъосташний юкъахь хуьлу цунах. Ша а Ӏама гӀерташ, цухуург хоттуш хила веза иза. Тхан болх атта бац, ледарниг, балхана пебеттарг, хӀара гӀуллакх цадезарг школехь дукха хьелур вац. Цхьадолчу декъана иза дика а ду – ледара хьехархо я шена а, я школина а пайден вац, шен белхан сий деш вацахь муххале а.
Гуш ду Якъуба школерчу балхана сагатдеш а, шайн коллектив массарел дика хила лууш а хилар. Шен ницкъ кхочург дерриге а деш ву иза, шайн юкъара болх дика хилийтархьама. Дуккха а хан ю математика хьоьхучу хьехархойн методикин цхьаьнакхетараллина цо куьйгалла ден. Вовшийн урокашка боьлхуш, йиллина урокаш луш, докладаш еш, математика хьехарехь керла гучудаьлларг вовшашна довзуьйтуш а, дийцаре деш а болх бо Якъуба а, цуьнан накъосташа а шайн цхьаьнакхетараллехь. Иштта бертахь дӀахьош долу гӀуллакх царна массарна а пайден а хуьлу.
Ах бӀе шарахь сов хьехархочун болх бина Якъуба. Дуккха а дешархой школера арахецна цо шен белхан накъосташца. Уьш кхидӀа а деша а бахана, дахарехь дӀа а нисбелла, царах дика нах а, дика говзанчаш а хилла аьлла, шена хезча, гуттар а воккхавина иза. Шаьш хьегна къа эрна ца дайний хаарал сов, деза хӀун хир ду хьехархошна? Якъубан дешархо хилла Сагаипова Зулихан ю кхуьнца цхьаьна школехь тахана математика хьоьхуш. Дика ларош ю йоӀ, Якъуб тешна ву цунах дика хьехархо хирг хиларх. Иштта ду-кх хӀара дуьне: тӀекхуьу тӀаьхье хьалха дӀайоьдучунна тӀаьххье йогӀу, цунах масал а оьцуш, цунна зеделларг схьа а оьцуш.
Дуккха а шерашкахь ша бина болх кхиамца хӀинца а дIакхоьхьуш ву Якъуб. Хьалха санна, мало йоцуш, шегара гӀо оьшучунна накъосталла дан кийча а ву. Iедало а, Дешаран министерствос а тидамза ца дитина Якъуба дуккха а шерашкахь хьегна къа. Цунна даккхий а, деза а совгIаташ делла хьанал болх барна. Вайн республикин Дешаран министерствон а, Шелан районан администрацин а, районан дешаран отделан а, Чуьйри-Эвларчу №1 йолчу юккъерчу школин директоран а цӀарах дуккха а грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делла Абдулаев Якъубна. Дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна, къона тӀаьхье кхиорехь жигара дакъалацарна 2003-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» аьлла, цӀе а елла цунна. Иштта, хIокху шеран апрель бутт чекхболуш, кхин цхьа мехала совгӀат а делла Якъубна – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу Региональни фондо ахча даийтина цунна. Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байханов ИсмаьӀала шен гӀоьнча Усманов Мовлди ваийтира Чуьйри-Эвларчу юккъерчу школе ахчанан совгӀат Абдулаев Якъубна дӀадала.
Хьехархочунна чӀогӀа хазахийтира Фондо а, Дешаран министерствос а шен терго ярна. Шена деллачу ахчанах цхьа дакъа школехь балхахь болчу техничкашна делира цо. Иза дарца шен деган комаьршалла а, бусалба стеган цӀена дог-ойла а гайтира Якъуба.
Денна бохург санна, математика хьеха класса чуволу иза. Дерриге а сел уллора а, девзаш а ду: класс, у, пенаш тӀехь Ӏилманчийн суьрташ, урокана оьшу гӀирсаш чохь болу шкафаш, леррина кхуьнга хьоьжучу берийн бӀаьргаш. Кхин цхьа урок, дешархошна дӀаделла кхин цхьа де… Арсанукаев Муса
Суьрта тӀехь:
хьехархо Абдулаев Якъуб
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо