ТIекхуьуш йолчу къоначу тIаьхьенна Iаламан къайленаш йовзийтарна, цуьнца тIаламе юкъаметтигаш хилийтарна тIехьажийна боккха болх дIахьо республикин эколого-биологин центро.
Школашкахь вовшахтуху тайп-тайпана семинараш, цхьаьнакхетарш. Иза дарца тIеттIа алсамдоху къоначу Iаламдезархойн могIарш, жигарадоху Iалам лардарна тIехьажийна цара дIахьош долу гIуллакхаш.
Ишттачу цхьаьнакхетарех яра дукха хан йоццуш Теркан районерчу эколого-биологин станцин буха тIехь «ХIусаман экологи», аьлла йолчу темина вовшахтоьхна хилла республикин Iилманан-практически семинар. Иза вовшахтоьхначара цуьнан Iалашо иштта билгалъяьккхинера: дахаран-Iеран хьолан хьакъ боллу мах хадорхьама, адамийн хIусаман экологин хьал довзар, иза тодаран некъаш лахар. Цуьнан балхахь дакъалоцуш бара районан юкъарадешаран заведенийн куьйгалхой а, школашкахь шайна тIедиллина хьехархой а, меттигерчу станцин белхахой а, Iаламдезархойн тайп-тайпанчу кружокийн методисташ а, республикин эколого-биологин центран векалш а, районан школийн дешархой а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, меттигерчу дешаран урхаллин куьйгалхочо Закаева Iайшата билгалъяьккхира бер кхетош-кхиорехь ишттачу гIуллакхийн мехалла. Цо дийцира шаьш долчохь оцу декъехь деш долчух, цо луш йолчу тIаьхьенех лаьцна. Районехь кхитIе долчу дешарна алссам тидам тIебохуьйтуш хилар гойтура, цо дийцарехь, кхитIе а дешаран учрежденешна кесталгIа кхин а цхьа гIишло йина хиларо а. Цу чохь кхитIе а дешаран кабинеташца цхьаьна схьайиллина музей а.
«Экологин декъехь цIена хIусам», аьлла йолчу шен докладехь методиста Такаева Заретас билгалдаьккхира кхузаманахьлерчу хьелашкахь экологин цIена хIусам хилийта Iаламат хала хилар. Иза доьзна лору цо еш йолчу гIишлойн юькъа хилар алсамдаларца, дахаран хьелашна вуочу агIор Iаткъам беш йолу объекташ еш хиларца, шайна тайп-тайпана химин тIетохарш динчу, стеган могашаллина цара деш долу зен кIеззиг теллинчу материалех пайдаэцарца. Оцу дерригено а гуонахарчу Iаламна бина ца Iаш, ткъа иштта адамийн могашаллина а вуочу агIор боккха Iаткъам бо.
Республикин эколого-биологин центран векала А.Муцуевас «Экологин хIусаман кхузаманахьлера концепци», аьлла йолчу шен докладехь дийцира экологин декъехь цIена йолчу хIусамах лаьцна. Доккхахдолчу декъана иштта хIусам тIетийжа дуьххьалдIа гуонахарчу Iаламо луш долчунна – маьлхан серлоно, махо, Лаьттан йовхоно, ораматаша. Цо пайдаоьцу гуонахарчу хьолана жоп луш йолчу, шайн барамашкахь яккхий йоцчу дахаран юкъарчу инженерни системех. Цундела дуккхазза а лахло Iаламна а, ишттачу хIусамашкахь дехаш долчу адамашна а вуочу агIор беш болу Iаткъам. Цул совнаха, энергех алссам санехь пайдаэца таро а хуьлуьйту цо.
Шатайпана дара семинар дIаяхьар а. ХIора докладана юккъехь жим-жима хан а юьтуш, кружокийн декъашхоша шайн яккхий йоцчу этюдашкахь дуьйцура Iаламан тайп-тайпанчу агIонех – лаьттах, хIаваах, хих, дийнатех, ораматех. Гулбеллачеран дагах ца хьакхалуш ца йисира царах цхьа а.
«ХIусаман экологина ораматаша бечу Iаткъамах», аьлла меттигерчу экологин станцин хьехархочун М.Хазуеван куьйгаллица хIоттийначу литературно-музыкальни композицехь гайтира стеган могашалла цхьанаэшшара хилийтарна хIусамерчу ораматаша лелош долу маьIна.
Семинарехь шуьйра пайдаийцира Iалам довзийтарна тIехьажийна йолчу тайп-тайпанчу кепех. Оцу темина лерина дара туьйранаш, эшарш, стихаш, хелхарш. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна хетарехь, оцу дерригено а боккха Iаткъам бийр бу дешархой Iаламан декъехь кхетош-кхиорехь.
Шайн болх чекхболуш, республикин эколого-биологин центран директора Р.Нухиговс даггара баркалла элира хIусамдайшна лаккхарчу тIегIанехь семинар вовшахтохарна, билгалдаьккхира меттигерчу эколого-биологин станцин коллективо къона тIаьхье Iаламца тIаламе юкъаметтиг хила Iаморна юкъаюьллуш йолу хазна.
А.КАРИЕВ