БисмиллахIиррахьманиррахьийм.
Марха кхабар – иза Делан дуьхьа нийят а дина, марха дохош долчу хIуманех юхавалар ду, сатесначул тIаьхьа, малх чубуззалц йолчу ханна.
Лекхаволчу Дала хьалхалерчу умматашна а тIедиллина хилла марханаш кхабар (3 марха хIора баттахь).
Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар, шул хьалха баханчарна тIедилларх терра, хилийтархьама (Делах) кхоьруш».
(Къуръан, 2 сурат, 183 аят).
Амма, Рамадан бутт, иза кхабар фарз деш билгалбаьккхина бац, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматана бен.
Иза билгалдоккху Лекхаволчун дашо: «Шух (Рамадан) батте ваьллачо, иза кхобийла».
(Къуръан, 2 сурат, 185 аятан чаккхе).
Бухарис а, Муслима а (Дела резахуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисо гойту Рамадан бутт кхабар Ислам-динан баххех цхьаъ хилар.
«Ислам – ахь тоьшалла дар ду, АллахI воцург кхин Дела цахиларх а, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) – АллахIан Элча хиларх а; ахь ламаз дар а ду; ахь закат далар а ду; ахь Рамадан баттахь марханаш кхабар а ду; ХьаьжцIа вахар а ду, хьан некъана ницкъ кхачахь».
ХIокху аяташкара а, хьадисашкара а, хIорш доцучех, кхечарах а вайна хаьа Рамадан беттан марханаш кхабар хIора бусалбанна фарз-Iибадат дуйла. Иза иштта дац бохуш верг керсталла деш хуьлу, Дала вай лардойла цуьнан декъах хуьлчух.
Къинхетаме волчу Дала Шен лайшна лело ницкъ ца кхочург цхьа а хIума тIедиллина дац. Цомгаш верг а, некъаца верг а, воккха стаг а, йоккха стаг а, кийрахь я дакхош бер долу зуда а, пхийттара валаза верг а – массо а шарIехь хьахийна ву. Царах цхьаберш марха дохо а, кхечу деношкахь доькхуш кхаба мегарш а бу, хIора ца кхаьбначу денна шайна тIера каффаратана (къинойх цIанбаларна) цхьа кана ялта (цхьа стаг вуззал даар) сагIийна дала дезарш а бу, шайн жималлина фарзаш хIинца а тIехь доцурш а бу.
Лекхаволчу Дала вайна тIедехкинчу Iибадатийн къайле йоккха ю, пайданаш дукха бу.
Иштта, марха кхабарца а бу пайданаш. Бусалба стага ша кхаба ма-деззара цIеначу нийятца, бехкамаш ларбеш, марха кхаьбча, Делах кхерарца шен Iибадатан дог самадолу цуьнан.
Марха, кхийолу Iамалш санна, цхьанна а гайта йиш йолуш дац, кхобуш волчунна а, Далла а бен хаа йиш йоцуш ду иза, тIаккха цIенна Делан дуьхьа хуьлу иза, моттаргIанаш, рияъ (моттаргIа) дан йиш йоцуш, сатесча дуьйна малх чубуззалц шайтIа юккъе дан йиш йоцуш. Цундела, Дала къастийна а, хастийна а Iибадат ду иза.
Лекхаволчу Дала аьлла бохуш Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь ма ду: «Адаман Iамал ерриге а цуьнан ю, марха доцург, баккъал а иза (марха) Сан ду, Ас цунах (къаьсттина) ял лур ю», – бохург.
(Къудси хьадис).
Рамадан бутт беза бу, Далла лиъна цу баттахь къаьсттина вай Шена муьтIахь хила, вайна гечдархьама.
Дууш-молуш даима а шен гайна гIуллакхехь лаьтташ верг кхоччуш Далла муьтIахь хила йиш яц. Бан ма-безза безачу беттан ларам балур бац цуьнга. Iамал ярца, Делан декхар дIадала уггаре а атта некъ бу марха долуш хилар. Къуръан доьшуш, фарз ламазаш деш, сагIийна хIума луш, чохь-арахь, лулахь нахаца тарлуш, вуониг дуьтуш, диканиг деш хила веза.
Мацвалаза дукха хан яьлча, даима а вуьзна лелча, къинхетам дIаболий, дегнаш чIагIло, тIаккха шен дог чIагIделлачо, дакъаделлачо диканиг дийр дац, вуониг алсамдер ду цуьнгара.
Марха кхобуш волчун, харц-бакъ шен лаамаш схьабоьхуш долу, дегI гIелло, дог дуткъало, синкхетам самаболу, кIеда-мерза, гIиллакхе, къинхетаме хуьлу иза.
Ислам-динехь лараме хIума ду нах вовшашна гIо деш, вовшех къахеташ, вовшашка хьовсуш хилар.
Амма хьалдолуш волчунна, вуьзначунна хаа йиш ма яц мискачуьнгахь, мацвеллачуьнгахь долу хьал, ша мац ца велча, ша гIел ца велча. Далла муьтIахь хилла, ша марха кхаьбча, шена хаалур ду цунна мацалла муха ю, тIаккха даггара гIо дан а, сагIийна хIума яла а мега цо.
Иштта, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хазачу дийцаршкахь (хьадисашкахь) вайна гучудолу, марха кхабар дегIан могашаллина а пайдехь хилар, синна паргIато луш а, достуш самукъане а хилар эхартахь Шена дуьхьалвеанчунна, Дела резахуьлуш, кхаьбнарг Цо резавеш, цунна хазахетар деш, ял луш, ялсамани чу вохуьйтуш хилар.
Рамадан беттан беркаташ дукха ду. Царах ю шена чохь Сийлахь долу Къуръан доьссина «Лайлатул-къадри» цIе йолу еза буьйса а. Оцу буса йина йолу Iамал эзар баттахь йинчул а мелехь ю. (83 шарахь, беа баттахь йинчул).
Рамаданал тIаьхьа болчу Шаввал беттан хьалхара де, Лекхаволчу Дала, Ша резахиларца, Шен лайшна ял луш долу, мархин баттахь Далла муьтIахь хиллачеран вовшашка кхаьънаш дохуш, вовшийн декъал деш, салам даржош долу ирсе де ду.
Марха дастаран деза (Iийдан) де ду иза.
И де ларар мелехь ду, маьждигехь жамаIатехь Iийдан ламаз дарца. Оцу дийнахь мелехь ду цомгашчарна зерате вахар, буоберашна а, уьш кхобучарна а гIодар, деца-ненаца а, доьзалшца а комаьрша хилар, сагIанаш далар. Шайна а, шайн доьзалшна а тIера фарз саьхьаш дахар, дагца а, маттаца а Дела хьехор, Къуръан дешар, Делан дерриге а халкъах уггаре а дикачунна – Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкар.
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо