Закон массарна а цхьаъ ду

Ямартло шайна йисира

Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски районан суьдо кхиэл кхайкхийна Краснодар гIалин бахархошна Лозовая Иринина, Климович Сергейна, Калайджян Суренна дуьхьал долийна хиллачу уголовни гIуллакхехула. Уьш бехке лерина РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъаца, 159-чу статьян 4-чу декъаца (баккхийчу барамашкахь ямартло лелор), РФ-н УК-н 291-чу статьян 5-чу декъаца (даржехь волчу стагана баккхийчу барамашкахь кхаъ балар) догIуш долу зуламаш дарна.

Хьалха хан тоьхна хиллачу Лозоваяс, бухгалтера Климовича, адвоката Калайджяна  2014-чу шеран февралехь тоба вовшахтуьйхира пачхьалкхан ахча лачкъоран Iалашонца. Шайх цхьанна Соьлжа-ГIалин налогийн органашкахь регистраци а еш, девзаш доцчу адамийн цIарах кхоьллина хиллачу шина фирмин документех пайда а оьцуш, шайн бахамаллин гIуллакхех лаьцна даррехь харц документаш а кечдина, налогах 106 миллион соьман барамехь долу дакъа юхадерзор доьхуш деклараци елира налоган органе.

Бакъонаш ларъяран органаша зулам чекх ца далийтира – хьалхара шиъ оццу шеран декабрехь лецира. ТаIзарх кIелхьаравала гIоьртинчу Калайджяна 2015-чу шеран апрелехь уголовни гIуллакх лелош хиллачу талламхочуьнга дIаделира ши миллион сом ахча. Амма циггахь лецира иза а.

Ямартло шайна йисира иза лело гIоьртинчарна. Пачхьалкхан бехкевархочунна регионан прокурорана Абдул-Кадыров Шарпуддина хетачуьнца реза а хилла, суьдо  2 шарний 6 баттаний тIера  5 шарний 6 баттаний тIекхаччалц хенаш туьйхира кхаа зуламхочунна, хила тарлуш хиллачу зенах цхьа дакъа меттахIоттор тIе а дожош.

 

ГIалаташ нисдан дезар ду

Регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикерчу талламан урхаллин куьйгаллина хьалха хIоттийна белхан алапа дIадаларца доьзна долийна хиллачу уголовни гIуллакха тIехь гучудаьхна законан талхораш дIадахар. ГIуллакх доллура «Возрождени-ИС» юкъараллин директора Хидразовс белхахошна шина баттал сов йолчу хенахь белхан алапа дIаделла цахилар бахьанехь долийначу уголовни гIуллакха тIехь дийнна цхьамогIа талхораш гучудевлла хиларх. Ша аьлча, уголовни гIуллакхна юкъахь дацара финансийн-бахамаллин болх  толлуш йинчу ревизин жамIаш.

Лехам кхочушбар тергамна кIел хIоттийна.

 

Таллам бар жигарадаккхар лехна

Уголовни гIуллакхца нийса а догIуш, талламан органашна хетарехь, Гачаев Халида шена бевзарш Шемин махкахь гIуллакх деш йолчу герзаца кечъеллачу тобанна юкъахь дакъалацийта юкъаийзабора.

Республикин прокуратурехь иза толлучу хенахь тидам тIебахийтира юьхьанцара таллам дIахьочу хенахь цхьамогIа талхораш хилийтина хиларна. Оцу гIуллакхах лаьцна барт ца хаьттина бехкевеш волчуьнан гергарчаьрга, юкъахь йоцуш ю психолого-психиатрин а, суьдан кхийолу а заключенеш, РФ-н УК-н 208-чу статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш (федеральни законаца билгалйина йоцчу герзаца кечъеллачу тобанехь дакъалацар) хьакъ боллу процессуальни мах ца хадийна бакъо йоцуш герзаца кечъеллачу тобанна юкъабаханчара динчу гIуллакхийн.

И талхораш дIа а дохуш, уголовни гIуллакх таллар сихдар лехна прокуратуро.

 

Уголовни гIуллакх долийна

Кху шеран мартехь Гуьмсан районерчу Хошкалдахь йолчу «Жайна» туьканан неI а йохийна, къайлах цу чу девллачу девзаш доцчу адамаша 1,9 миллион соьман механ нускалан кучамаш лечкъийра.  Дина и зулам ма-дарра гуш доллушехь, Гуьмсан районехь йолчу ОМВД-н талламан отделехь уголовни гIуллакх доло дуьхьало йира.

Оцу гIуллакхца йоьзна йолу ерриге а материалаш шен тергамна кIел латтийначу республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис хьалха хIотторца кху шеран 23-чу майхь бен уголовни гIуллакх дIа ца долийра талламан отделехь.

 

Кхаъ бала гIортарна…

Нохчийчоьнан прокуратурехь теллира Россин СК-н Нохчийн Республикерчу талламан урхаллера даийтина РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъана а, 291-чу статьян 3-чу декъана а тIедоьгIна (гIуллакхехь волчу стагана кхаъ бала гIортар) Бахаев Апти бехкевеш лелийна хилла уголовни гIуллакх.

Талламан органна хетарехь, кху шеран апрелехь Бахаевс ша административни жоьпалле ца озавайта ахча кховдийра полицин белхахочуьнга. Амма таллам бар дIахьочу хенахь гучуделира бехкевар хьалха хIотторехь а, талламан гIуллакхаш дIадахьарехь а уголовно-процессуальни законан лехамаш дуккха а меттигашкахь талхийна хилар. Иштта, бехкевеш волчуьнга а, тешашка а барт хаттаран протоколаш жоп луш дац хьалха хIитточу лехамашна.

КхитIе а таллам байта талламан органе юхадерзийна уголовни гIуллакх.

 

Бехкевина наркотикаш эцарна

Гуьмсан гIалин суьдо къастийра 54 шо хан йолуш волу Алабаев Султан бехкеварца доьзна долу уголовни гIуллакх. РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш (баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцар а, Iалашъяр а),  122,39 грамм «марихуана» эцна хиларна иза бехке а лерина.

Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе а оьцуш, суьдо Алабаевна юкъарчу рожан колонехь яккха кхо шо хан туьйхира.

 

Кхиазхойн бакъонаш ларйина

Веданан районан прокуратуро теллира меттигерчу юкъарадешаран учрежденешкахь кхиазхойн бакъонаш ларъярца а, терроризмана дуьхьало ярца а доьзна долу федеральни закон кхочушдар муха дIахьо. Дийнна цхьамогIа талхораш гучу а дехира.

Ша аьлча, районан юкъарадешаран 10 школехь «Дахарна кхерамазаллин баххаш» аьлла йолу дисциплина дешархошна хьоьхуш болчу хьехархоша лакха ца яьккхина шайн корматалла, иза дар дуьйцийла йоццуш тIехь хиллехь а. Иза хьесапе а эцна, РФ-н КоАП-н 20.7 статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш, административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакхаш долийна школийн директоршна дуьхьал.

 

Пачхьалкхан хьашташна гIаролехь 

РФ-н ГПК-н статья тIехь билгалдина ду пачхьалкхан хьашташ лардарца доьзна суьде дехар дан прокуроран бакъо хилар. Тайп-тайпана хуьлу цуьнан кепаш.

Юкъарчу юрисдикцин суьде ша яздинчу искан заявлени тIехь прокурора  хьалха хIоттадо къовса  бакъо хиларна тIе а доьгIна, Россин Федерацин, Россин Федерацин субъектийн я муниципальни цхьаьнакхетараллаша гражданинан талхийна бакъонаш, я къовсаме бакъонаш, паргIатонаш, хьашташ лардар.

Прокуроран заявлени юкъарчу юрисдикцин суьдехь тIедожоран кепехь къастадо гражданийн хьашташкахь.

Пачхьалкхан хьашташ лардар хьалха хIоттош прокурора яздинчу искан заявлени тIехь билгалдаьккхина хила декхар ду билггал стенна тIедоьгIна ду цуьнан хьашт, муьлха бакъо талхийна. И хьашташ лардаран кепаш гойтуш иштта билгалбаьккхина хила беза законан я нормативни актан бух.

Иск суьдехь къастор муха чекхдер ду бохучух материально-бакъонан хьашт долуш вац прокурор, иза юкъавуьйлу процессуальни истец санна.

 

Жоьпалле озийна

Планаца богIуш боцу таллам бар дIахьош Роспотребнадзоран регионерчу урхаллин  даржехь болчу белхахоша шен бакъонаш талхош лелийначу гIуллакхашна предприниматела яздина арз къастийра республикин прокуратурехь.

Таллам беш гучуделира урхаллерчу талламаш дIабахьа бакъо йолуш болчара ша шен гIуллакх деш волчу предпринимательна шайн бакъонаш йовзуьйтуш документаш гайтина цахилар, хIун талла гIерта дийцина цахилар. Цул сов, и таллам бар вовшахтухуш хиларан хьокъехь хаамаш федеральни пачхьалкхан хаамийн системехь – талламийн Цхьааллин реестрехь гайтина бац.

Регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима урхаллин куьйгалхочунна хьалха хIоттийра билгалдаьхна талхораш йоццачу хенахь нисдар а, законан лехамаш дуьйцийла йоццуш кхочушбарна кхачояр а. Шайга бинчу лехамца реза а хуьлуш, урхаллехь дакъойн отделийн коьрта говзанча-эксперт а, говзанча-эксперт а административни жоьпе озийна.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: