Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствехь дIаяьхьира «Халяль» аьллачу билгалонца долу сурсаташ арахецарехула а, дохкарехула а лехамаш билгалбахаран ведомствошна юкъарчу комиссин кхеташо.
Цигахь дакъалецира Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин а, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан а, Нохчийчоьнан ветеринарин урхаллин а, Россельхознадзоран а, ЦСМ-н а (пачхьалкхан стандарт), республикин юьртан бахаман министерствон а векалша.
Кхеташонехь гулбеллачеран сацам хилира ведомствошна юкъарчу комиссин ницкъашца хIокху шеран 3-чу кварталехь «Халяль» аьллачу билгалонца долу сурсаташ арахецарехула а, дохкарехула а болу лехамаш вайн республикехь юкъабало. Цу Iалашонца республикин бахархошца къаьсттина кхачанан сурсаташ деш болчаьрца, «Халяль» продукци могашаллина пайдехь хилар довзуьйтуш, цхьаьнакхетарш дIахьур ду.
Билгалдаккха деза, вайн республикин дукхах болу бахархой бусалба дин лелош хиларе терра, «Халяль» билгалонца долу сурсаташ алсамдахар а, уьш арахецарца боьзна лехамаш юкъабалор а вуно мехала гIуллакх хилар.
А.ХАСБУЛАТОВА
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо