Соьлжа-ГIалахь Iилманан-практикин «Криминалистикин томографи – «виртуальни» аутопси» туш кхоллар дийцаре дарна лерина «горга стол» дIаяьхьира Нохчийн Республикин прокуратурехь.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин прокурора Ш.Абдулкадыровс, Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикехула йолчу Талламан урхаллин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу С.Соколовс, республикин могашалла Iалашъяран министра Э.Сулеймановс, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас А.Зельмухановс, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитела Р.Симбагаевс, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатела С.Межиевс, иштта «виртуальни» аутопсин авторша А.Стрелковс а, Б.Филимоновс а, В.Некрасовс а.
Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира, карарчу хенахь Iилманан гонехь рентгенан томографех пайдаэцар бахьана долуш, декъашна таллам барехь уьш этIо цадезарна лерина инновацин методаш кхолларехь а, уьш яржорехь а боккха болх беш хилар.
Динан цхьадолчу дехкаршца нийса а догIуш, Нохчийн Республикехь оцу тайпа болу талламаш дIабахьар магош а, къобалдеш а ду. Цул сов, оцу тайпа йолу талламан метод криминалистикин экспертизехь лелийна Iийр яц. Проектан авторша билгалдаккхарехь, цунах пайда бер бу, гуш зуламан цхьа а лар яцахь а, адам кхалхаран бахьана къасто.
Цул тIаьхьа «Криминалистикин томографи» проектан авторша довзийтира Россехь а, кхийолчу пачхьалкхашкахь а адам кхелхинчул тIаьхьа компьютеран томографин гIоьнца талламаш баран цхьадолу гIуллакхаш.
«Горгачу стоьлан» дакъалацархошна хетарехь, карарчу хенахь Нохчийн Республикехь дакъа этIорца беш болу талламаш «бихкина» хиларо адам кхалхаран ма-дарра бахьана ца хIоттадойту. Цара билгалдаккхарехь, коьрта а, мехала а ду адам кхалхаран бахьана шен хеннахь нийса хIоттийна йоцу диагноз ю я цунна лелийначу лоьрийн дарбанан кхачамбацар ду къастор.
Ткъа лакхахь йийцаре ечу компьютеран томографин гIоьнца докъана таллам баро криминалисташна а, суьдан-медицинин эксперташна а таро лур ю, мел дукха хан яларх, дакъа схьаахка а, иза этIо а ца дезаш, суьрташца цунна тIехь юх-юха а талламаш бан.
«Горгачу стоьлан» чаккхенехь цуьнан дакъалацархоша сацам бира, суьдан-медицинин экспертиза дIаяхьарехь инновацийн методаш юкъаялорна, иштта талламаш дIабахьарна оьшуш болу бакъенийн бух кхолларехь законодательствехь оьшуш болу хийцамаш кечбарна лерина белхан тоба кхолла.
И.ХАСАХАНОВ
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо