Нохчийчоь – суьрташкахь

кезеной2014-чу шеран октябрь баттахь Нохчийн Республикин Веданан кIоштахь схьайиллина йолу спортан-туризман «Къоьзан Iам» комплекс. Туристашна а, спортсменашна а тоьлла хьелаш ду цигахь кхоьллина: 103 стагана лерина 58 чоь йолуш хьешийн цIа а, доьзалшна лерина 40 стаг чутарваллал дечиган цIенош а (люкс-коттеджаш а, vip-коттедж а), маьждиг, ресторан-музей, йоккха спортзал, спортан майда, хикеманахь хахкавала йиш йолуш меттиг а.

гэс2015-чу шарахь Нохчийн Республикин Итон-Кхаьллан кIоштарчу КхокхатIахь, Орга хи тIехь схьайиллина электроэнерги яккхаран республикехь дуьххьарлера станци. 1.2 мегаВатт ницкъ болчу гидроэлектростанцис ламанан масех районна электроэнерги латтайо, цул сов, станци схьаелларо керла белхан меттигаш а кхоьллина.

 

 

фабрика2015-чу шеран аьхкенан чаккхехь Шуьйтахь даздаран хьолехь схьайиллина бедарш тегаран фабрика. 7795,0 кв.м. лаьтта тIехь йина фабрика, ша гIишлоно дIалоцург 2528 кв.м. ю. Йовха хIуманаш а, леррина духар а, иштта кхийолу бедарш а тегарна лерина 2 цех ю 150 белхан меттигна лерина схьайиллинчу фабрикехь.

 

 

лента2016-чу шеран 8-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллина Россин пачхьалкхан тайп-тайпанчу сеташна юкъахь яккхийчарех цхьаъ йолу «Лента» гипермаркет. Соьлжа-ГIалахь схьайиллина гипермаркет Россехь 141-гIа ю, иза схьаеллар бахьана долуш 300 сов белхан меттиг хилла Нохчийчоьнан бахархошна. «Лента» еш 800 миллион соьмана харж йина, 7 081 кв.м. меттиг

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: