Дукха хан йоццуш, Шаройн кIоштарчу Кенхи юьртахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу къаьмнашна юкъарчу юкъаметтигийн Юкъараллин-консультативни советан кхеташо хилира, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат куьйгаллехь а волуш.
Цигахь дийцаре дира республикин Куьйгалхочун тIедилларца Шаройн кIошт тояр а, къоман политикин гIуллакхаш а, экстремизмаца къийсам латтор а. Иштта «ЖIайхойн къоман-культурин туьшан кхиамаш» аьллачу темина доклад а йира.
Д.Умаровс билгалдаьккхира, оцу кхеташонехь дийцаре дина гIуллакхаш кхочушдан дезаш хилар: «Тахана вай дIахьош йолу Юкъараллин-консультативни советан кхеташо «Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь» аьлла билгалъяьккхина хиларе терра, муьлхха а кхузахь дийцаре дина гIуллакх Юкъараллин советан председатела а, цуьнан заместительша а терго а латтош, кхочушдан дезаш ду», – элира цо.
Иштта, министра билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс Шаройн кIоштана терго гуттар а латтош хилла хилар.
– Шаройн кIоштан проект йийцаре а йина, тоян шен рагI тIекхаччалц лаьтташ йолу дикка хан яра. Вайна ма-хаъара, Р.Кадыровс вайн республикехь цхьа а кIошт ца йитина тергамза, ГаланчIожан, ЧIебарлойн кIошташ а тIехь, ткъа Шаройн кIошт хIетте а.
Кенхи ламанца Iуьллуш хиларе терра, нахана садаIа бахка меттигаш хилийта еза кхузахь, – элира Д.Умаровс.
– Кавказехь дехаш долу къаьмнаш юкъахь барт боцуш цкъа а ца Iийна, жIайхойн а, нохчийн а гуттар юкъахь гергарло хилла. Дала мукъ лахь, вайна юкъахь барт боьхна де гур дац цхьанне а, вайн къаьмнашна хьалха ваьлла Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Дагестан Республикин Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан а мел ву хIетте а, – кхидIа а дийцира Умаров Джамбулата.
Кегийрхой иблисан новкъа бовларан тема йийцаре еш, дIадаьхьира цхьаьнакхетаран шолгIа дакъа. Цигахь «горгачу стоьлан» дакъалацархоша билгалдаьккхира, Шаройн кIоштара цхьа а жима стаг оцу харц новкъа ваьлла цахилар. Делахь а, иштта дара аьлла ца Iаш, оцу декъехь болх лахбан мегарг цахилар хаийтира министра.
Цул тIаьхьа, ЖIайхойн культурин цIийнан белхахочо Мубарака «ЖIайхойн къоман-культурин туьшан кхиарх» лаьцна доклад йира. Цо дийцира шайн цIийно дIахьочу гIуллакхех а, иштта Кенхи юьртарчу гIарабевллачу нахах а лаьцна.
Кхеташонехь дуккха а дийцира Кенхи кхиарх а, кхидIа кхиорах а лаьцна. Цул тIаьхьа хьеший цигарчу, лакхахь хьахийначу, культурин туьше а, библиотеке а бахара. Царна экскурси йира библиотекин заведующис Басиров Абдулбасира.
Кенхехь хилла цхьаьнакхетарш мовлад дешарца дерзийра.
Хь.ДАУДОВА
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо