Цхьа-ши дош…

Великобритани Евросоюзана юкъара араяларна шаьш дуьхьал хилар хаийтина 600 сов экономиста.

***

Россин а, кхечу пачхьалкхийн а 29 журналистана дуьхьал кхайкхийна хилла санкцеш дIаяьхна Украино.

***

Британин Посольствехь бакъ ца дина Россина дуьхьал санкцеш яхаро шайн мехкан экономикина эшам бина хилар.

***

Къилба-Африкин Республикехь тIеэцна кIайчу нахана экспроприаци (хьолах бохор) ян магош долу закон.

***

Къилба ХIирийчоьно Россина юкъаяхарна лерина референдум дIаяхьарна реза яц Iамарк а, Евросоюз а.

***

Iамаркан хIордан гIашлой (морпехаш) кхаьчна Шема. Иштта хаамаш баржийна малхбузенан шуьйрачу хаамийн гIирсаша.

***

Чемпионийн Лигин финалехь Мадридан «Реал» ловзаре хьожуш волу 12 хьажархо вийна террористаша Иракехь.

***

ПАРНАС партин хьалххе кхажтасарехь дакъалаьцначу бахархойн хаамаш баьржина дуьненан маши чухула.

***

Мехкадаьттан рынок меттахIотта мега тIедогIучу шеран чаккхенехь. Иштта хаам бина Россин энергетикин министра А.Новака.

***

«Даржаца а, законца а харцо лелорна» Испани Лаккхарчу кхеле лур ю цуьнан регионо Каталонис.

***

Асад Башаран Правительствоца юкъаметтигаш латтош волу Шемин оппозицин коьрта дагавалархо Аллуш Мухьаммад оставке воьдуш ву.

***

Гуьржийчоьно шен харжамийн системина реформа ярехь тIеэца мега «немцойн кеп».

 

№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: