Якутскехь чекхъяьлла охьатохархлатарехула Россин чемпионат. Рио-де-Жанейрохь хир долчу Олимпийски ловзаршка къастамбаран тIаьххьарлера къийсадаларш дара уьш.
Цундела кхеташ ду мел беза бара Россин чемпионатехь баьккхинчу толаман мах. Республикин спортъезархошна хилла ца Iаш, берриге бахархошна а боккха кхаъ хилла Россин чемпионатехь Болтукаев Анзора дашо мидал яккхарх. Оццу къийсадаларшкахь дато мидалш ехира Касумов Исраила, Дукаев Бекхана, ткъа Олимпийски чемпионан Отарсултанов Джамалан йоьзан мидалх тоам бан дийзира.
Иштта хаза кхаъ кхаьчна вайга Буру-ГIалахь чекхъяьллачу езачу атлетикехула Россин чемпионатера а. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь Россин чемпионат хилла Аухадов Аптих а, Малигов Адамах а.
ХIинца вайн тешна хуьлийла ду А.Болтукаевс а, А.Аухадовс а, А.Малиговс а Россин олимпийски команди юкъахь шайна хьакъйоллу меттигаш дIалоцург хиларх.
Хь.АБАЕВ
№61, шинара, хIутосург (май) беттан 31-гIа де, 2016 шо