Соьлжа-Г1алин некъаш а, майданаш а, сквераш а тояран а, уьш ц1ена латторан а «СУРСАД» ц1е йолу урхалла болх бан йолаелла 2002-чу шарахь. Предприятин коьрта 1алашо Соьлжа-Г1алин урамаш ц1ена латтор ю. Кхузахь болх беш 303 белхало ву. 52 леррина техника ю: ло д1адоккху, чан схьаоьцуш, хи туху машенаш, тракторш, экскаваторш, иштта кхиерш.
Соьжа-Г1алара т1еман лар дІаяйъар дІадолочу болабелла СУРСАД-н болх. Цу хенахь, доцчу хьелашка хьаьжча, къаьсттина дика болх бина цара. Техникица кхачо цахиларо халонаш латтайора балха т1ехь. Коьрта инженер волчу Вахаев 1ийсас дийцарехь, атта болх бацара и, делахь а, Кавказехь уггаре а хазачух цхьаъ хилла йолчу г1алин сурт хаздан дезаш дара. Соьлжа-Г1алин къаьсттина ц1ена доцчу урамашкара д1аболийра болх. Т1амо дохийна ц1енош, адам юкъа а г1орталур доцуш, къух даьлла меттигаш – уьш леррина белхаш бан безаш меттигаш яра. 122 урам, 11 т1ай, некъа бухахула дехьа волу меттиг, г1ашлойн некъаш, кхин а дуккха меттигаш ю СУРСАД-н белхалоша денна ц1ена латтош ерш.
Къаьсттина дукха болх 1ай хуьлу. Де а, буьйса а ца къастош лоьраш ло дІадоккхуш некъаш ц1андо урхалерчу белхалоша. Некъ шера болче г1ум тасар а СУРСАД-н болх бу. И болх а лаккхарчу жоьпаллица кхочуш бора ша хьохуш хиллачу могІарашкахь
Муьлххачу а хенахь Соьлжа-Г1алин урамашкахь го можа духар дуьйхина белхалой. Церах цхьаъ ю Джабраилова Рукъет. Нуй, бел–иза коьрта г1ирс бу цуьнан. Шайн балхах лаьцна дийцира Рукъета.
– Ас болх бен дукха хан ю. Тхайн декхарш дика девзаш хиларна, халонаш ца лоьруш, къахьоьгу оха. Бинчу балхана шен хеннахь алапа а ло. Шо чекхдолуш, дика белхалой билгал бохуш премеш а ло. Оха бечу белхан пусар ца деш адамаш а нисло. Новкъа йоьдучу машенчуьра ара нех, я кехат кхуссуш меттиг а хуьлу, – бохура цо.
Тахана къегина гуш долу Соьлжа-Г1алин урамаш, майданаш, сквераш СУРСАД-ан белхалоша шайн махках дог лозуш бечу белхан жам1 ду.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт