Математикин школехь – мехала семинар

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школехь дай-нанойн комитетийн жигархойн республикин семинар хилира. Цигахь дакъалецира республикерчу школийн дай-нанойн комитетийн декъашхоша а, ткъа иштта «Доьзалан социальни гIолацаран а, доьзалан мехаллаш ларъяран а дай-нанойн къоман ассоциаци» Ерригроссин юкъараллин организацин векалша (оцу организацин кхочушдаран директора Санатовская Ларисас, организацин координационни советан жоьпаллин секретара Гусев Алексейс) а.    IMG_2910

Семинаран балхахь дакъа а лецира, хьалхара дош олуш, вист а хилира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил.

«ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь вайн республикерчу школийн дай-нанойн комитетийн болх хаъал дикачу агIор хийцина. Оцу комитетийн декъашхоша дешархой харц новкъа ца бовлийта хаддаза некъаш лоьху, дешаран шо чекхдаллалц мукъа ца Iа уьш. Мехалчу теманашна лерина «горга стоьлаш» а, семинараш а, иштта кхидолу пайдехь цхьаьнакхетарш а вовшахтуху кест-кеста. Цара бечу балхо дешархошна дикачу агIор тIеIаткъам бо. Суна баркалла ала лаьа республикерчу ерриге а школийн дай-нанойн комитетийн декъашхошна цара шайн декхарш хьанал кхочушдарна», – элира цо.IMG_2895

Иштта, лакхахь хьахийначу организацин векалшна И.Байхановс дийцира вайн республикин школашкахь дешархошна деша бегIийла хьелаш кхоьллина хиларх лаьцна. Вайн республикехь мехала семинар вовшахтохарна баркалла элира цо организацин куьйгаллина. «Доьзалан социальни гIолацаран а, доьзалан мехаллаш ларъяран а дай-нанойн къоман ассоциаци» Ерригроссин юкъараллин организацин векалша семинаран дакъалацархошца  къамеле буьйлуш дIабаьхьира шайн болх.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрташ тIехь: Семинаран дакъалацархой

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: