Куьйгаш говза ду цуьнан

ХIора а стага шен дахарехь шена товш йолу говзалла, гIуллакх хоржу. Цхьаболчарах лоьраш хуьлу, кхечарах – хьехархой, кхиберш. Говзаллаш ерриге а мехала ю, делахь а, стага шен куьйгашца цхьаъ еш гича, иза къаьсттина хазахета. Иштта, Соьлжа-ГIалахь Карла Марксан урам Машаран урамца цхьаьнакхеттачохь йолчу «Корона» цIе йолчу йийбаран туьканахь болх беш волу Вижаев Ваха а ву куьйгана говза болчу нахах цхьаъ.  IMG-20160615-WA0001

Нажи-Юьртара ву иза. Шайн юьртарчу №1 йолчу школехь дешна а ваьлла, Пятигорскехь йолчу Пачхьалкхан социальни университетан социальни белхан факультете заочни отделене деша вахара иза. ХIокху шарахь цигахь дешна вер ву. Дагахь а доцуш нисделира цуьнан дахарехь йийбар яран говзалла Iамор.

«Сайн вешехь марзделира суна и гIуллакх. 8 шо хьалха дара иза, цхьана дийнахь цо со шеца балха вигча. Дуьххьара башха тидам а ца бинера ас цо дечун, амма цуьнан куьйгаша дечуьнга лерина хьежа воьлча, дезаделира и гIуллакх. Йийбарш ечарна шайн куьйгашца дечигах оццул хазалла кхолла хаарх цецвуьйлура со. Тхан вешина тидамза ца дисира суна и гIуллакх дезаделла хилар. ТIаккха ша волчу балха кхайкхира цо со. Дукха сиха реза хилла, къобалдира ас цо бохург, делахь а, деккъа цхьана дечигах оццул хаза йийбар ян сайна цкъа а Iемар ду ца моьттура суна», – бохура цо.

Иштта волавелира иза йийбарш ян. Ша вехачу юьртахь массарна аьлча санна вевзаш ву иза. Шайн чу керла йийбар эца дагадеанчо цуьнга дехар до, шайна хазахетачу кепара йийбар яхьара, олий. Вахас дийцарехь, юьхьанца хала дара цунна оцу говзаллина Iама. Цхьа кIеззиг хIума ца нисделча а, ерриге а йийбаран куц духура. Делахь а, уллохь волчу вашас а, накъосташа а йовзийтира цунна оцу корматаллин къайленаш. КIезиг хан яц цо шена интерьеран дизайнан программа караерзийна. Йийбар ян Iамарал сов, дизайнан программица цкъа хьалха компьютера чохь уьш кхолла а Iамийра цо.

Вижаев Ваха шайн юьртарчарна вевзина а ца Iаш, кхечу кIошташкахь а дика вевза хIинца. Шеларчу яхархочо Абубакарова Седас иштта дийцира цуьнан говзаллах лаьцна:

«ЦIенош чохь ремонт хIора а денна ца йо вай, иштта йийбарш а ца оьцу хIора шарахь. Цундела, йийбар наггахь бен оьцуш а ца хилча, иза яр говза куьйгаш долчу пхьерах бен тешо ца хIоьттира со. Бевзачара Вахин дика цIе йоккхуш хезнера суна. Соьга ма-вийццара говза хила а хиллера иза. Ас шега е аьлла йийбар вуно хаза а, суна моьттучул гIолехь а йинера цо. И саннарг наггахь бен нислуш а вац. Йийбар ечу хенахь, цу тIехь цхьа дерт ца дуьсуш ца хуьлу, амма Вахас бина болх гича, гIеххьачул дикачу агIор цец а яьллера со».

Говзалла караерзийна дукха хан яцахь а, хIинцале йийбаран туьканан долахо ву иза. Шена хилла ца Iаш, нахана а доккха гIуллакх ду Ваха санна куьг беркате говзанча хилар.

З.ХАСИЕВА

Авторан суьрта тIехь: Вижаев Ваха

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: