Тхан рузма

20-гIа июнь, 1942 шо. Курчалой-Эвлахь вина Хасиев Сайд-Мохьмад, историн  Iилманийн кандидат, этнограф. Дешна Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  хьехархойн  институтан  историн-филологин  факультетан  къоман  отделенехь а, СССР-н Iилманийн   академин Этнографин  институтан  аспирантурехь а.

1973-чу шарахь  чIагIйина   историн  Iилманийн  кандидатан диссертаци. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн,  меттан,  литературин  Iилманан-талламан  институтехь  (1967–1991-гIий  шераш),  республикин  культурин  министерствехь  йолчу  Фольклоран  центран  (тIаьхьуо – Этнокультурин центр) директор   волуш (1991–2002-гIий шераш). 2002-чу  шарахь  дуьйна  Нохчийн Республикин къоман  музейхь  лакхарчу Iилманан белхахочун  даржехь  болх  беш  ву.

Нохчийчоьнан а, Къилбаседа  Кавказан а  къаьмнийн этнографина  а,  историна а  леринчу  Iилманан а,  Iилманан-довзийтаран  а 200 сов белхан  автор. Царна   юкъахь  къаьсттина  шайна  тIе  тидам   бохуьйтуш ю Финляндехь  арахецна «Чеченцев древняя земля»  альбом а, «Культура  полеводства  чеченцев  и ингушей»  монографи а. Кхетош-кхиоран доккха  маьIна  долуш  ю «Нохчийн  синмехаллийн  тIегIанаш» статья  а, «Нохчийн гIиллакх» брошюра а. Iилманчас  боккха болх бо телевиденехь а,  муьран зорбанехь а къоман  ламасталлин  культура, гIиллакх-оьздангалла  шуьйра  йовзийтарна  тIехь.

21-гIа июнь, 1961 шо. ТIехьа-Мартан кIоштан  Янди-КIотарахь вина Батаев Дени, технически Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

1984-чу  шарахь  тIехдика дешарца  чекхйоккху академикан  М.Д.Миллионщиковн цIарах  йолу  Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн цIеношдаран комбинатан  коьрта  технолог  (1988–1990-гIий шераш), мехкадаьттан  институтан «ГIишлошъяран  производство» кафедрин  Iилманан  белхахо,  доцент, профессор  (1990–2002-гIий шераш), «Грозгипронефтехимпром»  проектни  институтан директор (2002–2007-гIий шераш) волуш. 2004-чу  шарахь  дуьйна  Россин  Iилманийн  академин  Iилманан-талламан  комплексни  институтан  директоран  заместитель, 2006-чу  шарахь дуьйна оцу  институтан  директор  ву.

1988-чу шарахь  И.М.Губкинан цIарахчу  мехкадаьттан а, газан а  институтехь  чIагIйина  технически  Iилманийн  кандидатан  диссертаци, ткъа  2002-чу шарахь  технически  Iилманийн  докторан диссертаци а. 2004-чу  шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн  академин  декъашхо-корреспондент,  2010-чу шарахь бакъонца  волу  декъашхо  (академик) хоржу. Iилманан 300 сов  белхан  автор а,  «Нохчийн  Республикин  Iилманан хьакъволу  деятель» сийлаллин  цIе лелош  а ву Батаев Дени.

22-гIа июнь, 1941 шо. ГIуларехь вина Яричев Iумар, Нохчийн Республикин халкъан  поэт. Юккъера  школа  чекхъяьккхина  1959-чу  шарахь  Казахстанехь. 1959–1961-чуй шерашкахь  Соьлжа-ГIаларчу  мехкадаьттан  институтехь  доьшу. 1961–1963-чуй шерашкахь,  дешар юкъах  дуьтий, Бумтарчу  юккъерчу  школехь  хьехархочун болх бо. 1963–1965-чуй шерашкахь  Эскарехь  гIуллакхдо. Цул  тIаьхьа   еххачу  хенахь  Казахстанехь  тайп-тайпана  белхаш  бо (гIишлошъярехь, «Казахплодовощторг» цхьаьнакхетараллехь инспектор  волуш). 1978-чу шарахь  дуьйна  Нохч-ГIалгIайн  АССР-н «Респотребсоюзехь» болх  бо (тIеман  хиламаш буьйлабаллалц). Стихаш  язъян  тIаьхьо  волавелла Iумар – 70-чу  шерийн   чаккхенехь. Уьш  зорбане   йийлина   муьран   зорбанехь,  юкъарчу  гуларшкахь. Стихийн  дуьххьарлера  «Хин корта»  цIе   йолу  гулар   зорбане   яьлла 1979-чу шарахь. Цул тIаьхьа  Нохчийн Республикин  книгийн  издательствехь  араевлира   цуьнан   стихийн,  поэмийн гуларш: «Новкъахь» (1985 шо), «Дагалецаман  тачица» (1989 шо), «Стихашший,  поэмашший» (2004 шо), «Заманан  баттахь» (2005 шо). I.Яричевс шен  говзарш  оьрсийн маттахь  язйо, амма   цаьрца  хаало нохчийн  махке а, нохчийн   къоме  а даггара  безам.

 

№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: