Асаран (июнь) бутт сиха хан ю, къаьсттина дешархойн. Юккъера школехь дешна бевллачеран ЕГЭ олу зераш дIадуьйлало. 2015-чу шарахь школашкахь дешна дешархой зерех чекхбовларан жамI Iаламат ледара дара. Даима кегийрхошна сагатдеш волчу регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтира школехь доьшуш долчу берийн эгIазчу хааршна ша реза цахилар а, кхул тIаьхьа и тайпа ледара хьал дешаран хьаьрмехь могуьйтург цахилар а. Цундела дешаран керла шо дIадоладелчхьана ЕГЭ-на кечам барехь бIаьрла хийцамаш бара ерриге а школашкахь хаалуш. Дукха хьолахь дай-нанойн а, хьехархойн а цхьа барт бара. Дешархой а мелла саготта хетара. Доцца аьлча, боккха тидам тIебахийтинера пачхьалкхан юкъара экзаменашна кечам барна. Цундела жамIаш а дагна там беш ду. Кху деношкахь мерза кхаъ кхаьчна Москвара: Нохчийн Республикин дешархоша массарал дика дIаелла оьрсийн меттан экзамен. 2015-чу шеран гайтамашца дуьстича, шозза алсамдевлла вайн берийн оьрсийн меттан хаарш. Цунах тоам бина вай паргIат довла хьалхе ду. Лаккхара хаарш долчу дешархошна хIотто лерина 100 бал Нохчийн Республикерчу цхьана дешархочунна ца хIоттийна. Делахь а, доггаха тIехьаьвзина, хьакъдолчу тIегIанехь массара а шайн декхарш кхочуш дича, бераша дика доьшург хиларна къеггина тоьшалла ду оьрсийн меттан зерах чекхбовлуш дешархоша гайтина хьуьнарш. Оьрсийн меттан экзамен дIалуш ерриге а Россехь тоьлла гайтам церан хилар вайна массарна юьхькIам бу.
А.ДАЧАЕВА
№68, еара, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2016 шо